Header1 1



Тахана вайн махкахь дика вевзаш а, халкъо лоруш а волчу Умхаев Хьамзатан 65 шо кхаьчна

24566992mТахана вайн махкахь дика вевзаш а, халкъо лоруш а волчу Умхаев Хьамзатан 65 шо кхаьчна. Хьамзат нохчийн меттан говзанча а, историк а, публицист а ву. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор ву иза.

Тахана Нохчийн меттан институтан коллективо даггара декъалвира Хьамзат.

Уггаре а хьалха ала лаьа, Хьамзата ша пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь белхаш бечу йукъанна, нахаца собаре, оьзда, дуьненан цхьана ханна бен йоцчу бӀарлагӀашка ша Ӏеха ца войтуш, я  куралла, я дозалла доцуш, нахаца ваза хууш, къаьсттина кху заманахь кӀезиг бисначу баккхийчу нехан дог хьаста, уьш лара хууш, нохчийн къоман  хила ма-веззара воӀ хилар.

Дуьне хала, чолхе хӀусам ю. Вайна ма-хаъара, тӀамо а, кхолламо а Ӏовжийна  ву 50 шарал тӀехваьлларг хӀора а.

Хьамзат, шен къоман дика-вуо доькъуш, диканиг хезча зовкх хьоьгуш, вуониг нисделча иза шен цхьаннан бехкенна  хилча санна юьхьӀаьржа а хӀуьттуш вехаш ву.

Умхин Салманан Хьамзат Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор хилар а ларамза дац.

Хьамзатан гӀиллакхаш девзачарна гуш ду иза бусалба дин а, Даймохк а, нохчийн мотт а, нохчийн гӀиллакх а дезаш а, лоруш а болчу дайх схьаваьлла хилар. 

Умхин Салманан Хьамзат  Казахстанерчу Талды-Курганан областерчу Куголы юьртахь дуьнен чу веана 1956-чу шеран  эсаран (октябрь) беттан 14-чу дийнахь.

Махках даькхинчу вайн халкъана цӀадерза бакъо елча цӀабирзина церан доьзал.

1974-чу  шарахь Хьалха-МартантIера №1 йолу школа чекхъяьккхина цо.

1975–1977-чуй шерашкахь Германин пачхьалкхехь долчу советийн эскарехь декхар кхочушдина.

1979–1984-чуй шерашкахь Л.Н.Толстойн цӀарах йолчу Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина.

1984–1992-чуй шерашкахь ша дешначу Хьалха-МартантIерачу №1 йолчу школехь нохчийн а, оьрсийн а меттанийн а, литературин а хьехархочун  болх бира.

Цул тӀаьхьа, 1992-чу шарера 2000-чу шаре кхаччалц республикин «Даймохк»  газетан культурин отделан редактор а хилла иза.

2000-чу шарахь Нохчийн Республикин зорбанан а, хаамийн а министран хьалхарчу заместителан даржехь а хилла иза.

2002-чу шарахь Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочун заместителан гӀоьнча волуш а болх бина.

2003-чу шарахь Нохчийн Республикин госсоветан декъашхо хоржу иза.

2003-чу шарера 2007-чу шаре кхаччалц Нохчийн Республикин къоман политикин а, арахьарчу зӀенийн а, зорбанан а, хаамийн а министран заместителан даржехь волуш болх а бо Хьамзата. Оцу шерийн йуккъехь цо чекхйоккху Къилбаседа-Кавказан пачхьалкхан службин академи.

2008–2013-чуй шерашкахь цо къахьоьгу Нохчийн Республикехь адамийн бакъонашкахула волчу векалан гӀоьнча волуш.

2013-чу шарахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран гӀоьнчин декхарш кхочуш до цо.

2017-чу шарахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Дешар кхиоран институтан директоран дарж тешадо цунах.

2019-чу шарахь дара Нохчийн Республикин Правительствон омранца Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтах  Нохчийн меттан институт йича дуьйна институтан директор  ву иза.

Лараме Хьамзат, АллахӀ-Дала могаш-маьрша дукхавахавойла хьо! Доьзалехь а, балхахь а ийман-беркат лаьттийла! Кхочуш хуьлда хьан цӀена нигаташ!