Header1 1



Нохчийн меттан институтан коллектив ГаланчӀожан махкахула  го тесна еара

IMG-20211016-WA0059-mВешан Даймохк, телевизор чухула йа суьрташ тӀехь бен ган ца мегаш санна ӀадӀа-кх вай, дукхахьолахь оцу иллешкахь а, байташкахь а  дагардо «лекха ламанаш, шийла шовданаш» цхьанхьа хир ду-кх олий  а хеташ.

ХӀокху тӀаьхьарчу хенахь генарчу пачхьалкхашкарчу туристашна  а дукха го вайн дайх бисина мохк а.

Делахь хӀета, хӀокху деношкахь, нийса аьлча, мокъачу шоьтан дийнахь Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан коллектив ГаланчӀожан махкахула  го тесна еара.

IMG-20211016-WA0067
И дика гӀуллакх вовшахтоьхнарг институтан директор Умхаев Хьамзат вара.

IMG 3465
Цамгарша, сингаттамаша зарздина дегнаш «малхе» даьхнера тхан.

IMG 3363
ХьаьжкӀехь хьерчаш хьалаоьху Ӏеха санна, хьийзаш, ирх оьхучу ламанан некъаца йогӀура тхан машенийн ковр.

IMG 3400
ДӀакхаччалц теша хала дара нохчийн шира ярташ лаьттина мохк гур бу бохучух.

Хьамзат сих-сиха хуьлуш ву оцу меттигашкахь.

IMG 3479
Ткъа тхуна  дуьххьара гуш дара Нохчийчоьнан и шира дакъа.

Бакъ долуш, оцу махка кхачаран хазхетар  новкъахь  дуьйна дӀадоладеллера тхан.

IMG 3444
Цкъа делахь, цхьаьна садоӀуш, вовшех а самукъадолу, шолгӀа делахь, Ӏаламо синайам гӀаттабо, цӀена хӀаваъ  а тӀехь, дарбане дуй хаьа хьуна.

Кхин а, вайн меттигерчу машенийн хьокъехь  цхьа сацам а хилира тхан: приора а, камри а машенаш «Land cruiser» яхханчухула  дӀаяхалой а хиира тхуна!

IMG 3571
Нохчийн ярташ лаьттина меттигаш гойтуш, нохчийн хӀора тайпан шен-шен хиллачу ломах лаьцна, шена дика хааре терра даггара дуьйцура Хьамзата.

ХӀора тӀулг а, хӀора лам а вайн халкъан кхолламан, историн  хӀоллам бу.

IMG 20211018 144047 173

ГаланчӀоьжан мехкан ярташ: Нашха, тайпанийн яй лаьттина Моцкъара, Ердие-Корта, Аьккха, Пешха, ЧӀармаха, Хьай, Дехьа-ГеритӀе, бӀе сов кӀотар хилла цигахь.

IMG 3454
Тхуна гинчу  меттигех уггар чӀогӀа дагах кхеттарг 1944-чу шарахь НКВД-н омранца маьрша нах багийна Хьайбаха  а яра.

IMG 20211018 121559 025
Оцу махках лаьцна Умхаев Хьамзатан дешнаш тӀехь даьккхина тоьлла илли  ду Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста, илланчас  Сатуев Лоьмас дӀаолуш.

20211016 1246490
Айдамирова Машара язйинчу «Лаьмнийн хӀайкал» историн романехь а хаза йийцина меттигаш гира тхуна.

IMG 20211018 111220 025
1944-гӀа шо кхаччалц  9499 стаг вехаш мохк  хилла иза.

20211016 115632
Вайн  заманахь нах вовшахтохар атта болх  бац. Ткъа адам ламанан махка дигар-м Далла а, халкъана а хьалха  гуттар а чӀогӀа  йоккха жоьпалла а ю.

20211016 135100
И дерриге а шена тӀелаьцна, некъан халонаш эшош, мохк гойтуш, кхачанан биста кхаччалц дерш дерриге а тоьллачу агӀор кхочушдира Хьамзата.

IMG 3470
Даймахке йолу марзо кхин а совъяьлла, дегнаш ойланех дуьззина цӀадирзира тхо.

IMG-20211016-WA0017
Цунах лаьцна институтан кхоллараллин белхахойн  дуккха а суьртийн а, прозин а  сюжеташ хир  ю аьлла а хета.

VideoCapture 20211018-145155
Лараме Хьамзат, Нохчийн меттан институтан йерриге а коллективан цӀарах а Дела реза хуьлда хьуна.



З.Эльдерханова