Header1 1



Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата институтан коллективаца рогӀера кхеташо дӀайаьхьира

24670114-mЭсаран беттан 19-чу дийнахь Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата институтан коллективаца рогӀера кхеташо дӀайаьхьира.

Кхеташонехь карладаьккхира Нохчийн Республикехь коронавирусан уьнца къийсам латторан лехамаш кхочушбарна тӀехь терго а, тидам а бар а жигардаьккхина хилар.

 

 

 

 

246701143

Цуьнца доьзна Хь.Умхаевс дийхира уггаре а хьалха Роспотребнадзоран бехкамаш кхочушбеш хилар.

Ткъа оцу бехкамаша доьху балхахь а, цӀахь а, йукъараллехь а ницкъ кхочучу агӀор социальни йаккъаш (дистанци) ларйар а, антисептиках пайда оьцуш хилар а, шен дегӀаца хийцам хаъбелча, нахана йукъа ца гӀерташ, шен могашаллин хьолана больницехь таллам бойтуш, дарба лелон хьажар а.

246701145
Институтан чоьхьара цхьамогӀа гӀуллакхаш а дийцаре дира оцу цхьаьнакхетарехь.

246701142
Масала, институтан коллективана шайн белхан керла накъост, жоьпаллин Ӏилманан-секретарь йолу Байдарова Совдат йовзийтар а, Профкоман керла председатель харжар а, ткъа иштта, нохчийн меттан говзанчин-лингвистан, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахочун Вагапов Ӏаьрбин 70 шо кхачар билгалдаккхарна а, ткъа иштта, лахьанан (ноябрь) беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам йовзийтарна кечамаш барца а доьзна долу гӀуллакхаш.

Дала тӀаьхье беркате йойла! Дала Ӏалашдойла вайн халкъ а, дерриге бусалба уммат а!