Нохчийн меттан институтехь эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь дуьйна д1ахьош йу курсаш
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтехь эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь дуьйна нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран
центрехь д1ахьош йу вайн республикин йуьхьаьнцарчу а, йуккъерчу йукъардешаран ишколийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн хаарш тӀедузаран Ӏалашонца «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» аьлла хӀоттийначу программин гурашкахь кхитӀедолчу дешаран курсаш.
Республикин ерриге а кӀошташкара хьехархой бу оцу курсашкахь шина группехь дакъалоцуш.
Курсийн программа Хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран говзанчаша (куьйгалхо Дашаева Лайлаъ коьртехь йолуш) хӀоттийна йу.
Институтан говзанчаша М.Овхадовс а, М.Халидовс а, И.Солтахановс а, А.Абдулкадыровс а, Л. Дашаевас а, А. Вагаповас а, Ӏ.Бадаевас а, Ӏ.Говдахановас а, иштта кхечу говзанчаша а хӀокху беттан 27-чу дийне кхаччалц хьехархошна практикин белхан т1едахкарш а луш, мелла а кьорггера бовзуьйтур бу керлачу бакъонийн бехкамаш.
Хьехархошна институтан кхерчахь схьайиллина йолчу Нохчийн меттан музей чу а, къоман тематикина дехкинчу суьртийн гайтаме а, ткъа иштта, институтан 1илманийн лаборатореш чу а экскурси а йира тахана.
Дала тӀаьхье беркате йойла! Дала Ӏалашдойла вайн халкъ а, дерриге бусалба уммат а!