Header1 1



Эсаран беттан 21-чу дийнахь 1арбин 70 шо кхачарна лерина суьйре д1айаьхьира

IMG-20211021-WA0025-mВайна ма-хаъара, нохчийн меттан декъехула болу 1илманчаш дешин мехха ларрал к1езиг бу вайн халкъалахь.

Царах цхьаъ ву Нохчийн Республикехь дика вевзаш волу,  1илманча-лингвист  Вагапов  1арби.

Тахана, эсаран беттан 21-чу дийнахь 1арбин 70 шо кхачарна лерина суьйре д1айаьхьира А. Айдамировн ц1арахчу республикин Къоман библиотекехь.

(Ун даржар  бахьана долуш  даздарш т1аьхьаттарца нисделла…) Ткъа вуьшта, Вагапов Джамлайлин 1арби дуьнен чу веана 1951-чу шеран кхолламан (январь) беттан 28-чу дийнахь.

Суьйре д1ахьош вара 1арбин белхан накъост волу, филологин 1илманийн доктор, профессор Овхадов Муса.

Карарчу хенахь 1арби НР- дешаран а, 1илманан а министерствон Нохчийн меттан институтан 1илманан белхахо а ву.

Цул сов, А-Хь. Кадыровн ц1арахчу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а студенташна нохчийн меттан 1илма  хьоьхуш а ву.

Ишттачу беркатечу стеган гуо а хуьлу  ларамечу нахах д1абуьзна.

IMG-20211021-WA0026

1арбина леринчу цхьаьнакхетарехь дакъа лоцуш вара Нохчийн  Республикин Парламентант Председателан заместитель Б. Хазбулатов, Хь. Ибрагимовн ц1арахчу 1илманан-талламан комплексни институтан директор Б. Батаев, НР-н дешаран а, 1илманан  а министерствон Нохчийн меттан институтан директор Хь. Умхаев, НР-н Яздархойн Союзан председатель К. Ибрагимов, иштта, дешаран а, 1илманан а, культурин а интеллигенцин векалш а, 1арбин юьртахой а, гергара нах а, студенташ а. 

Хьалхара дош Умхаев Хьамзата элира.

IMG-20211021-WA0016

Шен кьамелехь цо билгалдаьккхира (1арби шен йуьртахо а, лулахо а хиларе терра) 1арби кегийрхошна йукъахь а т1ех дика дешарца  къаьсташ хилла  хилар. "Ростовн университетан физикин-математикин факультет ц1ечу дипломаца чекхйаьккхина, цул т1аьхьа веара 1арби нохчийн меттан 1илмана т1е. 1арби бакь дерг д1айолуш а, шен дош лардеш къонах а ву. Ткъа цо нохчийн мотт талларехь хьегна къа вайна дика хаьа, масех дошам вовшах а тоьхна, 1илманан белхаш а йазбина цо",- доцца а, чулацаме а дара Хьамзата аьлла дош.

Нохчийн мотт кхиорна а, 1алашбарна а Диплом а луш, совг1атна 10 томах лаьтта Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам а елира Хьамзата.

2474256

Иштта, вайн Нохчийн меттан институтан коллективан ц1арах а кхин цкъа ала лаьа, Дала могаш лелавойла хьо, доьзалехь ийман - беркат даима а лаьттийла хьан, 1илманехь керла кхиамаш, кхаьънаш хезаш, Дала б1ешерал т1ехь йахйойла хьан оьмаран хьан!

Хазбулатов Бехкана  Нохчийн Республикин Парламентан Председателан Даудов Мохьмадан ц1арах Баркаллин кехат а, совг1ат а деанера.

IMG-20211021-WA0021

Иштта, 1арбин ц1арах ала хьакъ доллу хаза, аьхна дешнаш  элира Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас а, К. Ибрагимовс а , Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан кафедрин заведующичо Хь. Навразовас а, НР-н Юкъараллин палатин Председателан векала М. Зумаевас а, НР-н 1илманийн академин меттанийн кафедрин 1илманчас, филологин 1илманийн доктора Н. Альбековс а, Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрин заведующичо С-Хь. Ирезиевс а, литературин критика Хь. Бурчаевс а, Яздархойн Союзан редактора 1.Ирисхановс а, Къоман библиотекин директора С. Исраиловас а, евзаш йолчу Нохчийн меттан хьехархочо А. Вагаповас а, 1арбица цхьаьна классехь дешначу Ю. Даудовс.

247027352 2741187

Цара шайн кьамелехь билгалдоккхура 1арби бусалба дог долуш а, нохчийн къомана тешаме волуш а, хьанала къахьоьгуш, Дала дика дина 1илманча а, дика стаг а хилар.

IMG-20211021-WA0023

1арбин оьздангаллах, деган дикаллах, синан комаьршаллах хаддаза дийца дара нехан.

Ткъа шен халкъан дикачу наха иштта тоьшаллаш дар доккха совг1ат, боккха юьхьк1ам а бу. 

IMG-20211021-WA0018

Ша лерина баьхкинчу нахана баркалла элира 1арбис.

Цхьаьнакхетар д1адерзош вайн махкахь а, Россехь а боккхачу ларамца ц1е йоккхуш волу нохчийн меттан 1илманча, НР-н 1илманийн академин академик Чокаев Кати бакъдуьнене вирзина аьлла хабар кхаьчча, цунна Деле гечдар доьхуш до1анаш  дира. Иштта дика а, вуон а дог1уш дуьне ду х1ара. Коьртаниг и деригге шен махкахь д1асалисти а, декьа а нах хилар а, маршо хилар а ду. Алхьамдулиллах1!

Лараме 1арби, хьуна хаалахь, оха хьо могаш - маьрша хиларна Далла хастам бойла.