Байсултанов Идрис белхан г1уллакхца Нохчийн меттан институтехь хилира.
Эсаран беттан 22-чу дийнахь (22.10.2021) Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министр Байсултанов Идрис белхан г1уллакхца Нохчийн меттан институтехь хилира.
Институтан директор Умхаев Хьамзат цхьаьна а волуш министран цхьаьнакхетар хилира йуьхьанцарчу классийн нохчийн меттан а, литературин а 1аматаш х1оттош болчу говзанчашца.
Оцу белхан тобана йукъахь бу Нохчийн меттан институтан белхахой а, зеделларг долу нохчийн меттан хьехархой а, ткъа иштта, художникаш а, дизайнерш а.
Министр леррина хьаьжира зорбане йаха вовшахтухуш йолчу 1аматийн чулацаме.
Хасин Идриса даима а ма-аллара, оцу 1аматийн чулацам а, куц-кеп а берашна 1амон атта хир долчу аг1ор хила езаш хилар кардадаьккхира.
Ткъа дешаран программа нохчийн къоман г1иллакх - оьздангаллийца, халкъан вадца цхьаьна йог1уш хила а еза.
Стохка д1аболийна болу и болх чаккхене боьрзуш бу х1окху шеран рог1ерчу лахьанан баттахь.
Оцу балхаца цхьаьна , 1аматийн электронни кепаш кечйаран болх а бу д1ахьош.
Цаьргахула боккха пайда эца лур бу дешаран программа караерзош.
Дешаран керла шо т1екхочуш ФГОС-н лехамашна жоп луш кийча а хир ю уьш.
Нохчийн меттан а, литературин а 1аматаш карлайахаран болх Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца д1ахьош бу.
Нохчийн мотт кхиорехь а, 1алашбарехь а кхочушдойтучу г1уллакхехь цхьаъ ду уьш карлайахар а.
Цул сов, Хасин Идрисана ган лиира Нохчийн меттан хьехархойн хаарш т1едузуш йолчу курсийн дакьалацархой.
Хьалха бечу хаамашкахь ма-дийццара, нохчийн меттан нийсайаздаран керла бакъонаш 1амош бу оцу курсашкахь болу хьехархой.
Курсийн дакъалацархошца къамеле ваьллачу министра билгалдаьккхира, х1ора хьехархо берана т1е боьду некъ а бевзаш, берийн деша лаам кхуллуш хила везаш хилар.
Дешархойн хаарийн мах хадор а хила деза хьакъ долчу аг1ор.
Цхьаьнакхетар д1адерзош Байсултанов Идрис Институтан 1илманан белхахошца къамеле велира.
Цара кхочуш бечу белхан доккха маь1на хилар а къастийра цо.
Дала т1аьхье беркате йойла! Дала 1алаш дойла вайн халкъ а, дерриге бусалба уммат а!