Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира рогӀера говзалла лакхайаккхаран курсаш

20211028 152243-mЭсаран беттан 27-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш: теори, практика, хьехаран методика» цӀе йолу рогӀера говзалла лакхайаккхаран курсаш.

Курсийн программин гурашкахь хьехархоша кхочушбира йуьхьанцара а, жамIийн а диагностикийн ​ белхаш.

 

 

20211028 152310

Иштта текстаца болх, тайп-тайпанчу технологех пайда а оьцуш, текстан а, лирически текстан таллам а беш, кхачаме болх дlабаьхьира курсийн ладогlархошца.

20211028 152525

20211028 152403

Курсаш йоьрзуш билггала долу хаарш компетенцеш кхиорна а, коьчал тlеэцарна а гlо лоцу дешархойн гlуллакхдар лаккхарчу эвсараллица вовшахтухуш болх дlабахьа ладогlархой кийча хирг хиларх тешна а ду.

20211028 152437

20211028 152539

Дала тӀаьхье беркате йойла!