Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀадаьхьира дешархой а, хьехархой а совгӀаташца билгалбахар

IMG-20211028-WA0021-mТахана, эсаран беттан ткъе борхӀалгӀачу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дӀадаьхьира Нохчийн меттан Денна лерина дӀабаьхьначу къовсамашкахь толаме меттигаш йаьхначу республикерчу ишколашкара дешархой а, хьехархой а совгӀаташца билгалбахар.

Шен къамелехь институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира хьехархоша дешархошца цхьаьна къахьоьгуш бечу балхо дика жам1аш гойтуш хилар. Цунна тоьшалла ду таханлера цхьаьнакхетар.

 

 

IMG-20211028-WA0011

Институтан коьртачу Ӏилманан белхахочо Вагапов Ӏаьрбис ишколехь дешар ненан маттахь хила дезарх лаьцна къамел дира цхьаьнакхетарехь.

IMG-20211028-WA0000

Берана шега дуьйцучух кхетар ненан маттахь бен хуьлийла дац аьлла, билгалдаьккхира цо.

IMG-20211028-WA0017

IMG-20211028-WA0007

2019 – 2020-чуй дешаран шарахь Нохчийн меттан Денна лерина дӀабаьхьначу «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» къовсамийн жамӀ деш, мехалчу совгӀаташца толамхой билгалбехира институтан куьйгалхоша:

IMG-20211028-WA0032

IMG-20211028-WA0010

IMG-20211028-WA0003

IMG-20211028-WA0006

IMG-20211028-WA0004

IMG-20211028-WA0024

IMG-20211028-WA0012

IMG-20211028-WA0027

Соьлжа-ГӀалин № 47 йолчу йуккъерчу ишколан 9-чу классан дешархо Амаев Мустафин Адам, Соьлжа-ГӀалин Ю.Д. Дешериевн цӀарах йолчу лингвистически ишколан 11-чу классан дешархо Хасуев Мохьмадан ИсмаӀал, Хьалха-Мартанан муниципальни кӀоштан Олхазар-КӀотаран № 2 йолчу ишколан 9-чу классан дешархо Джукалаева Русланан Карина, Соьлжа-ГӀалин  Ю.Д. Дешериевн цӀарах йолчу лингвистически ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо Ахматова Аухьадан Зулихан, Соьлжа-ГӀалин № 4 йолчу гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархо Хумакиева Хасмохьмадан Зараъ, Соьлжа-ГӀалин № 47 йолчу йуккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо Бектамирова Нохьин Асет, Невран муниципальни кӀоштан Новотерски йуьртан йуккъерчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо Закриева Акхбердан Лариса, Хьалха-Мартанан муниципальни кӀоштан Олхазар-КӀотаран №2 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархо Магомадова Хьаьжин Роза.

IMG-20211028-WA0001

Цхьаьнакхетар дерзош, Соьлжа-ГӀалин Ю.Д. Дешериевн цӀарах йолчу лингвистически ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархочо Ахматова Аухьадан Зулихана шен а, шен накъостийн а цӀарах баркалла олуш къамел дира, шайна совгӀаташ даларна а, шаьш бен болх тидамехь латторна а.