Джунаидов Сайд-Ахьмадан Аюбана деза совгӀат дина
Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо а, Россин Федерацин йаздархойн союзан декъашхо а волчу Джунаидов Сайд-Ахьмадан Аюбана Нохчийн Республикехула адаман бакъонаш ларйаран векалан Нухаджиев Нурдин цӀарах деза совгӀат дина аьлла кхаъ хилла тхуна.
«Граждански йукъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» Ӏ-чу даржан мидал йу Джунаидов Аюбана йелларг.
Мидал йала бинчу сацамна тӀехь иштта билгалдаьккхина: «Нохчийн литература кхиорна а, нохчийн къоман культурин а, историн а тӀаьхьалонаш кхиорехь гайтинчу доьналлина а, дуккхачу шерашкахь публицистикин белхаш а беш, вайн мехкан йукъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а» аьлла.
Аюбана хьакъ ду мел деза совгӀат а.
Нохчийн литература кхиош а, вайн мехкан топоними вовшахтухуш а белхаш дӀахьош ву иза.
Нохчийн маттах а, махках а дог лозуш, шен ницкъ кхочу беркате белхаш беш схьавогӀуш, дика накъост а ву иза.
Лараме Аюб, Дала тӀаьхье беркате йойла хьан! Дала могашалла а, ницкъ а лойла хьуна айхьа лоьру Ӏалашонаш кхочушйан!