Header1 1



Хь.Умхаевс Баркаллин совгӀаташ дира институтан къепе а, нихам а лардеш болчу цхьамогӀа белхахошна

20211029 152725-mОьздачу адаман бӀаьрг хьостург цӀеналла ю, дог хьостург оьздангалла-гӀиллакх ду.

Иза иштта хилар кхин цкъа а тӀечӀагӀдира Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата.

Тахана малх хьаьжна деана долу хӀара хаза де институтан керт-ков а, кхерч а цӀена латточу зударийн а, низам лардеш болчу кегийчу нехан а бӀаьргашчохь кхин а серладаьлча санна хеталора.

Институтан технически а, кхерамазаллин а дакъошкахула хьанала къахьегар билгал а доккхуш, Хь.Умхаевс Баркаллин кехаташ а луш, хӀокху сийлахьчу Мовладан баттана тӀера ахчанан совгӀаташ дира институтан къепе а, нихам а лардеш болчу цхьамогӀа белхахошна.

IMG-20211029-WA0024-x

IMG-20211029-WA0025-x

IMG-20211029-WA0026-x

«Дукха Ӏуьйранна дуьйна вайн институтан уьйтӀе а, кабинеташ а къагош карбо, гӀиллакхехь мерза Ӏа йолу, вайн цӀано а, низам а Ӏалашдеш болу накъостий. Дела реза хуьла шуна»,– билгалдаьккхира Хьамзата декъалдаран дашехь.

IMG-20211029-WA0027-x

IMG-20211029-WA0023-x

IMG-20211029-WA0028-x

Тхан белхан меттигаш цӀена а, оьзда а хилийта къахьоьгуш йолу: Ахмадова Хьава, Хатаева Разет, Бикаева ПетӀамат, Шаипова Макка, тхан синтемах, кхерамазаллах жоп луш волу Адуев Ахьмад, Исраилов Артур, Магомадов ИбраьхӀим, Дела реза хуьлда шуна! Дала тӀаьхье беркате а йойла!