Header1 1



Умхаев Хьамзата кхеташо дӀайаьхьира авторшца

249586-mЭсаран беттан 29-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата кхеташо дӀайаьхьира вайн республикин школийн йуьхьанцарчу классийн дешаран Iаматаш вовшахтухуш болчу авторшца.

Дешаран Iаматийн чулацаман дикаллах а, уьш зорбане кечйар билгалйинчу хенахь хилийтар а дара цхьаьнакхетарехь динчу къамелан коьрта дакъа.

(Цкъачунна йуьйцуш ерш 1-4-чуй классийн Iаматаш ю).

Дешаран Ӏаматаш хилла ца Ӏаш, цаьрца цхьаьна методикин гӀо-Ӏаматаш а, белхан тептарш а кечдеш къахьоьгуш йу зеделлаг долчу хьехархойх а, методистех а, художникех а лаьтта тоба.

Цхьана дашца аьлча, Iаматна «къобалйина» аьлла мухIар тохале хьалха кхочушбан безачу боккхачу балхах дийцира кхеташонехь.

20211103 081433-x

Хууш ма-хиллара, школийн дешархошна лерина йолу Iаматаш зорбане йаьхначул тIаьхьа я тIейуза а, я хийца а хьашт хилча, и бакъо хIора 5 шо даьлча луш хилар.

Оцу юкъанна хьехархоша а, дешархоша а мах хадабо церан.

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байсултанов Идриса Нохчийн меттан институтан куьйгаллина тидаме эца аьлла тIедиллинарг оцу Iаматийн чулацам беркате а, берашна товчу агIор аьхна-къегина хаза хилийта а хьовсар ду.

20211103 081449-x

Лахьанан (ноябрь) бутт чекхбалале жамӀаш довзийта кийча хир бу Ӏаматийн авторш.

Дала тIаьхье беркате йойла!