Header1 1



Халидов Муса

IMG-20211111-WA0011-mХӀокху лахьанан беттан 10-чу  дийнахь 67 шо кхаьчна Россехь а, дозанал арахьа а вевзаш волчу, уггар а хьалха, шен цӀахь, Нохчийчохь боккхачу ларамца везаш а волчу филологин Iилманийн доктор а, профессор а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент а, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо а волчу  Халидов Айсин (Муса).

Тахана Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата институтан белхахошца цхьаьна декъалвира лараме Муса.

Ала догӀучохь дош комаьрша а, совгӀат даггара а луш гӀиллакх ду вайн нехан.

Мусан цӀарах цхьамогӀа накъосташа хаза дешнаш элира оцу цхьаьанакхетарехь.

Вайн заманахь уггар чӀогӀа оьшург ийман а, могашалла а ю.

Муса, Дала декъалвойла хьо! ДӀадевлла шераш беркате а дойла. Къоман мотт а, филологин хьаьрма а кхиош ахь хьоьгу къа Дала йоле а  дуьллийла, халкъо а лоьрийла!

Х.Умхаевн дешнашца аьлча: «Муса, хьо тхуна везаш а ву, оьшуш а ву. Хьо волуш оха Далла хастам а бо. Дала дукхавахавойла хьо!».

Халидов Айса (Муса) 1954-чу шеран лахьанан беттан 10-чу дийнахь Казахстанехь дуьнен чу ваьлла.

1960-чу шарахь Даймахка цIабирзина церан доьзал, хIетахь дуьйна  Соьлжа-ГӀалахь  вехаш  ву.

1977-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйаьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени.

IMG-20211111-WA0012-x

Цул тIаьхьа доьшу Петрозаводскерчу пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрчу аспирантурехь.

1981-чу шарахь чIагIйина филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1999-чу шарахь кхиамца чIагIйо филологин Iилманийн докторан диссертаци.

1980-чу шарахь дуьйна болх беш ву Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрехь – ассистент, лакхара хьехархо, доцент, профессор.

1993-чу шарахь дуьйна кафедрин куьйгалхо ву.

Iилманан 120 сов белхан автор, царна юкъахь ю масех монографи а, дошам. («Нахские языки в типологическом освещении», «Типологический синтаксис чеченского простого предложения», «Очерки по типологии залога» иштта кхидӀа болу белхаш а.

Къоначу Ӏилманчашна а гӀодеш ву иза.

ХӀокху тӀаьхьарчу шерашкахь Мусас доккха дакъа лаьцна Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам  а, Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонийн гулар а  вовшахтухуш а.

Филологин Ӏилманан хьаьрмахь шен хьежам болуш, шен дош долуш Ӏилманча ву иза. 

Халидов Муса тахана хилар а, иза вайна йукъахь могаш-маьрша  хилар а доккха совгӀат ду.

Iилманан белхан лаккхара мах хадош, цунна  совгIаташ дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» а, «Нохчийн мотт Ӏалашбарна а, кхиорна а»  мидалшца.

 

З.Эльдерханова