Header1 1



Нохчийн меттан институтехь «desharho.ru» сайт кечъеш йу

25809-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Дешаран-хаамийн технологин Центран белхахой «desharho.ru»  сайт вовшахтухуш  къахьоьгуш бу карарчу хенахь.

Оцу центран куьйгалхочо Магомшарипова Фатимас дийцира шаьш дӀахьочу балхах лаьцна.

«2020-чу шарахь  ун хьаьдча дуьненчохь массанхьа а санна, вайн республикехь а хьашт хилира дешархошна лерина йолу дешаран сайт хилар. Цхьана  дашца аьлча, дешархошна «электронни школа» олучу хьесапехь дешарна тӀехь гӀодаран майда ийшира. Вайн йара «UROK-95» сайт, делахь а дешархошна дарсаш кхочушдан тоьш бацара цуьнан ницкъ. Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министарна Байсултанов Идрисана хиира дешархошна лерина Россехь   оьрсийн меттан а, математикин а, географин а, кхечу муьлххачу предметашкахула ма-хиллара, нохчийн моттий а,  литературий  а Ӏаморхьама, дарсаш кхочущдан  а керла сайт ца хилча ца йолийла».

2574-x

Иштта,  Россехь пайда оьцуш лелош йолчу сайтийн хьесапца вайн дешархошна сайт кечйан буьйлабелира уьш.

Россин «Я школа» сайтах пайда а оьцуш, хьехархо, дешархо, да-нана цхьаьна тухур долу сайт вовшахтухуш тоба билгалйина, оцу тобанна хьалха Ӏалашо а хӀоттийна дӀахьош бу цара шаьш тӀелаьцна жоьпаллин болх.

Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата леринчу тидамехь латтош а бу Дешаран-хаамийн технологин Центран  болх.

25742-x

Россин  дешаран сийлахь белхахой, Нохчийн Республикин школашкара нохчийн меттан а,литературин а тоьлла хьехархой : Пайтаева Хадижат а, Джамиева Сахьабат а, Ильясова Зина а, Абуева Товман а, Нухаева Зарган а  йу дешархойн электронни школин  программина оьшуш йолу коьчаллаш  вовшахтухуш.

257946

Иштта, белхан дика накъостий  бу Дешаран-хаамийн технологин Центран белхахо,   редактор волу Мурадов Ӏела а,  сайтан администратор волу Тасуев Тамерлана а, оператор Умхаев Мохьмад а.

25810

ХӀинцале  1-5 классийн дарсаш а, тӀедахкарш  а кечдина цара.

Цул сов, берашна дезалур долу  «Ловзуш Ӏема» аьлла приложени а йиц ца йина цара.

257629

Карарчу хенахь кечйина материалаш толлуш йу.

Цул тӀаьхьа «desharho.ru» сайт тӀе йохур йу.