Header1 1



Институтан кхерчахь хьошалгIахь хилира студенташ

IMG-20211123-mТахана Институтан кхерчахь хьошалгIахь хилира Нохчийн Пачхьалкхан Хьехархойн Университетан Нохчийн филологин кафедран студенташ.

Вайн меттан а, литературин а хьокъехь кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш лохуш, Институтан куьйгаллехь волчу Умхаев Хьамзат волчохь хилира уьш.

Цо дийцира царна вайн меттан Iилманехь, литературехь беш болчу балхах лаьцна.

Иштта Институтан музейхь а, лабораторешкахь а хилира студенташ.

 

IMG-20211123-WA0012

Къаьсттана хазахетарца тIеийцира цара Нохчийн меттан йоккха нийсайаздаран дошам.

IMG-20211123-WA0008

Иштта хьехархойн говзалла лакхайаккхаран центран белхахошца, хьехархойн балхах лаьцна а дийцира цара.

IMG-20211123-WA0011

ТIейогIучу хенахь шайн дахаран некъахь вайн мотт а, литература а кхиорехь къахьега Iалашо а хилира церан.

IMG-20211123-WA0013

IMG-20211123-WA0007

Дала тIаьхье беркате йойла!