Header1 1



Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира семинар-практикум

20211126-085-mТахана, 2021-чу шеран лахьанан беттан 25-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу ишколан нохчийн меттан хьехархошна методически гӀo-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара Соьлжа-ГӀалин, Аргун-гӀалин Дешаран департаментийн а, Соьлжа-ГӀалин муниципальни кӀоштан Дешаран урхаллин а РТБ-н координаторш, 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой.

 

 

0211126-085126-x

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошца къамел дира Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Салманан Хьамзата.

Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан региональни талламан белхаш йукъабалоро дика жамӀаш гойтург хиларх шеко цахилар хаийтира цо.

20211126-085249-x

РТБ-н чулацам а, дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека а, Тутаева Сацитас а.

20211126-085340-x

Семинар-практикуман чаккхенехь, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш, дерзоран къамел дира Абдуразаков Шертбека.