Header1 1



Айдамиров Абузар

26081565-mМацах цкъа, Москвахь студентийн «Землячество» гуламо вовшахтоьхначу цхьаьнакхетаре кхайкхина боьлхучу наха дехар дина шайца цхьаьна вигина хиллера Айдамиров Абузар.

Цхьаьнакхетарш, гIуллакхаш дIадерзийна, сарахь ресторане бахана хилла вайнах, шайца Москвара оьрсех болу баккхий хьаькамаш а болуш.

Кавказан къаьмнийн даарш кечдечу ресторанехь шун хIоттийна царна.

«Еха буьйсанаш» романан автор, нохчийн яздархо шайца хиларх баккхийбеш, ладоьгIуш Iаш хилла нах.

Комаьрша хIоттийначу стоьла тIера тIо-берамний, буткъа бина «Лаваш» олу хьокхамний тIекхевдина хилла Абузар.

Куьйгаца хьокхаман юьхк йоккхуш иза пиали чу хьокхуш, паргIат, тIо-берам цIахь санна бууш хилла цо.

Стоьла гуонаха хевшинчу цхьаболчарна эхь хетта, ца тайна-кх цо тIо-берам иштта, куьйгаца баар.

Ларамечу хьешана новкъа даийта а ца лууш, цхьамма ларлуш, элира боху: «Абузар, оцу пелана уллехь жима Iайг болчух тера ма хета суна...», – аьлла.

Цо иза шега хIунда боху хиъначу Абузара вела ца валархьама меллаша йовхарш а тоьхна элира боху: «Хьенех, ахь хIун боху а, хьуна хетарг хIун ду-м а хаьара суна.

Вай хIокху Москва даьхкича тIо-берам а битахь, Петербурге дахча холхазан куй а охьабиллахь, Одесса кхаьчча дог-ойла а хийцахь, вайх хIун дуьсур ду хаьий шун?. Эхь дерш кхин х1умнаш ду..».

Баккъал а, хIун дисна вайх? Хьуна хьо вевзий, нохчий?

 

З.Эльдерханова