Header1 1



Университетехь дIадаьхьира горга стоьлан цхьаьнакхетар

2610939-mНохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь д1адаьхьира горга стоьлан цхьаьнакхетар.

Дакъалоцуш бара Дагестанера а, Нохчийчуьра а тоьлла нохчийн меттан хьехархой а, 1аматийн авторш-1илманчаш а.

"Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонех а, цуьнан кхиарехь кхоллалучу  халонех» лаьцна дийцира хьехархоша а, 1илманчаша а.

Дукха хаза, дикка пайдаоьцуш д1абаьхьира семинаран болх.

 

26146021-x

2607357-x

Нохчийн меттан хьехархойн Ассоциацин декъашхо волу, университетан ректорца Байханов Баутдин Исмаь1алца цхьаьнакхетар гуттар а мехала дара хьешашна.

2614746-x

Навразова Бакун Хьаван баркалла олуш, къаста ца лууш, йуха а иштта мехала цхьаьнакхетар сих-сиха хирг хиларх тешна болуш д1асакъаьстира хьехархой.

26170437-x

Дала т1аьхье беркате йойла!