Header1 1



Даймохк

IMG 20211018 144047 173-mНохчийн меттан институтехь чекхбалан герга бахна йуьхьанцарчу классашна (1 - 4 классаш) лерина нохчийн меттан а, литературин а (йешаран) керла Ӏаматаш (учебникаш) йазйаран болх.

Шеко йоццуш, берашна дика кхетар йолуш а, нохчийн амалехь а хир йу уьш.

Масална 2-чу классан дешархошна лерина йолчу Ӏамат тӀехь цуьнан авторша "Даймохк" боху кхетам берашна муха ло гайта лаьа суна.

"Дада, дада ... Воккха Дада! - элира кӀанта шен дендега, - ишколехь тхоьга хьехархочо хӀун бохурий ... Даймохк хӀун йу бохура-кх, шаьш цӀа дахча, дадигий, бабигий хатта элира ..." "Иштта элира?" - аьлла, велавелира денда, говран вордан чкъург тойеш воллу.

IMG 20211018 111220 025

"Элира!" -  аьлла, ворхӀ шо долу кӀентакӀант, шен ши куьг хьалхахьа дӀа а дохуьйтуш, хаттаре дӀахьаьжира шен дендега.

IMG 20211018 110821 675

"Иштта бохура цуо?" - аьлла, йуха а денда велавелира, шен болх йукъах ца боккхуш.

IMG 3512

"Дера бохура-кх, Воккха Дада", - элира кӀанта, ша аьлларг тӀечӀагӀдеш.

IMG 20211018

"ХӀара бу-кх хьан Даймохк, - элира дендас, - хӀара йурт - хьан Даймохк бу-кх, и дӀогара сийна стигал а, нийсса кху йуьртана тӀоьхлахь йолу ... Даймохккий - иза хьаха ду доккха хӀума, дадин борз.

20211016 121359

Цхьа а ма вуьсийла шен Даймохк боцуш, - аьллачул тӀаьхьа, денден ойланаш Казахстанехула дӀайахара, махках дохуш, кху беран хеннара волуш, ша шийла-меца баьхьна декъаза некъ дага а оьхуш.

IMG 20211018 131909 036

- Даймохк, дадин борз, иза хьо вина, хьо кхиъна, хьан ворхӀе а да ваьхна, хьан кешнаш, йарташ йолу латта ду-кх.

IMG 3502

Хьо кхуллушехь Дала хьуна делла латта, цхьанна хьоьгара дӀадаккха бакъо а йоцуш, цу лаьттахь, цу махкахь буьйцург хьан нохчийн мотт а болуш, цу къоман Ӏадат цу махкахь низам а долуш ...

IMG 3531

Иза бу-кх, дадин борз Даймохк, адаман а, экханан а цхьаъ бен хила йиш йоцуш ..."  "ТӀаккха хӀара, Воккха Дада, хӀара сан Даймохк бу-кх, хӀара вайн йурт?" - хаьттира кӀентакӀанта, куьйгаш ирах а айина.

20211018-145155

"Дера бу, дадин борз, Хьан Даймохк бу-кх хӀара йурт а, кху Нохчийчохь мел йолу йурт а, лекха лаьмнаш а, шера аренаш а, раьгӀнаш а, сийна хьаннаш а, арара Терк а, ломара Орга а - хӀара берриг а вайшинна Даймохк бу-кх, кху махкахь буьйцуш нохчийн мотт мел бу!" - элира дендас шен кӀентакӀанте.


(Бексултанов Мусан дийцар тӀера).

 

Умхаев Хьамзат