Header1 1



Гайтукаева Бана

26328524-mТахана  наха: «И боцург кхин сингаттам ма белира!», -  аьлла дош хетар дацахь а, цхьа  чӀогӀа  новкъа догӀу-кх,  вайн кегийрхоша вовшашка буьйцуш берг нохчийн мотт ца хилар.

Бахьана шиъ бен хуьлийла  а дац: ненан мотт  цахаар йа шайн къоман  маттах цабашар.

Мотт иэбина бийцаран ледарло, халахеташ делахь а, гӀеметтахӀиттинчу баккхийчаьргахь а йу тахана.

И хьал гӀалахь хиларх а дӀадоьллера вай, ткъа геннарчу лаьмнийн йуьртахь  мукъана а, деши санна цӀена долу вайн гӀиллакхаш а, нохчийн мотт а  буьсийла лаьар-кх.

(Варийлаш, ма мотталаш, сакхт лоьхуш боху). Дуьйцуш дерг Дала вайна деллачу совгӀат-нохчийн маттана вайн инкарлонаш а, куралла а йар ду.

«Тхан пешеходан некъаш отремонтировать дина» бохучул а, "тхан гӀашлойн некъаш тодина",  аьлча, воккханиг воккха вуй-м хуур дара кегиийчарна.

Воккханиг воккха хиларо жиманиг жима а веш даьхна къам ма дара вай.

Цкъа хьалха вай, даккхийчара, бийцича берашна а, кегийрхошна  а Ӏемар бара, безар бара нохчийн мотт.

Нохчийн маттах ойланаш керчош Ӏаш, карлаели, Дала декъалйаро, Гайтукаева Банас, нохчийн маттах ца бешачара буьйцуш хиллачу маттах лаьцна йазйина забаре  байт.

 Вайн заманан нохчийн мотт

Суьйре ю цхьа тийна, дерриг дицделла,
ЙоӀ тийна, кӀант ларвеш, паркерчу гӀантехь,
Эххар а схьахеза: «Приветик, Лена,
Дукха хан юй ахь ждать до? Прости хьайн тарлахь.
– Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу
Примерно, цхьа ши сахьт сов время ю.
А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш,
Это не в первый раз, хьо-м иштта ву!
- Ну что ты, Леночка, цхьаъ Ӏоттаделла
Со тӀаьхьа висарх со къера ву.
Елалой хилахьа, хьо грустни хилча,
Вайдаха, я прямо с ума схожу.
-Ну ладно, чтоб это  тӀаьххьара хуьлда,
И, кстати, сегодня,  вайн праздник ду.
Ой чуть не забыла, хьо декъала хуьлда.
Тахана вай девзина шо дузуш ду.
- Баркалла. Я тоже..Хьо а декъал хуьлда,
ХӀара вечер ша тайпа прекрасни ю.
Ты знаешь,  сан дагчохь, цхьа радость ловзу,
Понятно, хьомениг, хьо соьца ю.
-Мне тоже порою кажется иштта,
Ты-рядом- а значит, со-ирсе ю,
ХӀара ночь седанах  со дагаюьйлу,
Цо суна схьаоьхьург твой образ ду.
- Эх был б я поэтом сегодня, Лена,
Есенин хьагош стих писать тебе.
Талант яц соьгахь, хӀун дер. ..ткъа тахна
Цундела в кино я тебя поведу.

 

З.Эльдерханова