Header1 1



Нохчийн меттан институтехь цхьаьнакхетар хилира

264093-mТахана, 2021-чу шеран гӀуран беттан 7-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон  Нохчийн меттан институтехь  Россин Конституцин денна лерина  цхьаьнакхетар хилира.

Цхьаьнакхетар  дIахьош а, коьрта докладчик а вара философин Ӏилманийн доктор а, профессор а, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо а волу Акаев ВахӀид.

Шен къамелехь  В.Акаевс билгалдаьккхира Россин Федерацин Конституци пачхьалкхан коьрта документ хилар.

«Россин Конституци тIеэцаран де вайн  пачхьалкхан кхолламехь а историн хилам ала мегар долуш маьӀне де дара. 1993-чу шарахь Россис керла некъ хаьржира. Советий Союз  йохарца хьашт дара керла Конституци тӀеэцар. Россин Федераци демократин керлачу новкъа елира», –элира цо.

26409323-x

Цхьана дашца аьлча, даима ма-хиллара чулацаме йара ВахӀида йина доклад. Цо дийцира Россин Федерацин Конституцин исторех лаьцна.

Докладчикна баркалла а олуш, гулбеллачарна хьалха къамелаш дира Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата а, Ӏилманан белхахоша, профессорша  Овхадов Мусас а, Халидов Мусас а.

2640932-x

Хууш ма-хиллара, Россехь тIеэцна масех Конституци.

РСФСР вовшахтохарца доьзна хьалхарниг тIеийцира 1918-чу шарахь.

СССР кхолларца доьзна шолгIаниг – 1923-чу шарахь. КхоалгIаниг – 1936-чу шарахь. Цунна сталински аьлла цIе тиллира.

ЙоьалгIаниг тIеийцира 1977-чу шарахь, Россин тӀаьххьара йолу Конституци  1993-чу шеран гӀурин беттан 12-чу дийнахь тӀеэцна йу.

264093234-x

Билгалдаккха деза, 12-чу декабрехь пачхьалкхан дезачу денойх уггаре а мехалниг – Россин Конституцин де даздеш хилар.