Header1 1



«Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» семинар-практикум

20211208 090315-m2021-чу шеран гӀуран беттан 7-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» темина лерина йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу школийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна методикин  гӀo-накъосталла дар.

Семинарехь дакъалоцуш бара Веданан, ТӀехьа-Мартанан, Хьалха-Мартанан, Шаройн, Эна-Хишкан муниципальни кӀоштийн Дешаран урхаллин а, РТБ-н (Регионан талламийн белхийн) координаторш, 4-чу классийн нохчийн меттан а, литературин  а хьехархой а.

 

20211208-085155

Семинаран дакъалацархошка маршаллин дош а олуш, болх беркате а беш вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Салманан Хьамзат.

20211208-085915

Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан региональни талламан белхаш йукъабалоро дика жамӀаш гойтург хиларх шеко цахилар хаийтира цо.

20211208-085418

РТБ-н чулацам а, дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека а, Тутаева Сацитас а, Хунарикова ПетӀамата а. 

20211208-085314

Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран куьйгалхочо Абдуразаков Шертбека доцца дийцира шайн тобано вовшахтоьхна дӀахьочу семинар-практикумах лаьцна.

20211208-085149

«Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» темина лерина йолу курсаш 5 баттана лерина дӀахьур йу.

Тахана нохчийн меттан хьехархоша Диктант йазйийр ю, ткъа цуьнца доьзна 14 тӀедиллар кхочуш а дийр ду.

20211208-085627

4-чу классийн дешархошна  лерина бу «Нохчийн мотт-жамӀан белхаш».

20211208-085659

Хьехархоша толлур ду РТБ-н чулацамехь долу дакъош; Диктантан тексташ, Белхан жоьпаш, Талламан белхийн мах хадоран къепе, Болх кхочушбаран инструкци, Нохчийн меттан талламан белхан суртхӀоттор.

20211208-085801

Семинар-практикуман ерзош, хьехархойн хиллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш вистхилира Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Абдуразаков Шертбек.