Header1 1



Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди Нохчийн меттан институтехь хилира

20211208 155718-mНохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министр Дааев Хож-Бауди Нохчийн меттан институтехь хилира.

Министр  институтан  хьелашка а хьожуш, институтан Ӏилманан  коллективо карарчу хенахь а,

шеран йохалла а кхочушбечу  балхах дерг уллера довза лууш цхьаьнакхийтира  Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Хьамзатаца. 

Министерствон пресс-службо инстаграмерчу агӀонехь билгал ма-даккхара,  институто кхочушбечу балхана йукъадогӀу нохчийн меттан а, литературин а, халкъан бартан кхоллараллин а, ламасталлин культурин а, вайн мехкан историн а, географин  а  дакъошкахула  талламан белхаш дӀабахьар а, цул сов, Нохчийн Республикин йукъарчу дешаран учрежденеш (школаш а, гимназеш а, лицейш а) Ӏилманан-методикин  гӀирсашца а, Ӏаматашца а  кхачойар а, нохчийн къоман гӀиллакх-оьздангаллин баххаш Ӏалашдар  а, уьш кхиор а, ПКЭ -на а, ПЦЭ-на а оьшуш болу гӀирсаш вовшахтохар а, уьш зорбане бахар а.

20211208-155022

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца, Нохчийн меттан институто кхочушбо нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхайаккхаран агӀор болу болх а.

20211208-155150

Ткъа институто хӀокху тӀахьарчу шина шарахь кхочушбинчу белхан уггаре а мехала болх лара мегар ду «Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам» а, «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар а вовшахтохар а, уьш зорбане яхар а.

20211208-155159

Ала дашна, вайна массарна гуш ду, Дааев Хож-Бауди ша кхочушбечу белхашкахь, нохчийн мотт а, къоман гӀиллакхаш  а дезарца а, уьш ларарца а билгалваьлла хилар.

20211208-155451

Ларамаза дац «Нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а» аьлла мах хадош луш йолу мидал Дааев Хож-Баудина елла хилар а.

20211208-155254

Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Хьамзатаца цхьаьна  институтан кхерчахь  йолчу  лабораторешка а, Дешаран-методикин  туьшан  а, Дешаран-хаамийн технологин туьшан  а кабинеташка а хьожуш, цул сов, Нохчийн меттан музей чу а, библиотеке а хӀоьттира министр.

20211208-155215

ТӀейогӀучу хенахь кхочушйан езачу Ӏалашонех а, Институтан Ӏилманан коллективана хьалха лаьттачу декхарех а, ишшта, нохчий мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а гуонаха кхоллалуш йолу ойланаш йоькъуш, беркате дара министарца хилла долу цхьаьнакхетар.

Дала тӀаьхье беркате йойла!

 

З.Эльдерханова