Header1 1



Къоман библиотекехь  дӀадаьхьира «Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам»  йовзийтаран цхьаьнакхетар

20211217 085611-mТахана, гӀуран беттан 16-чу дийнахь А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекехь  дӀадаьхьира «Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам»  йовзийтаран цхьаьнакхетар.

Иза дIахьош вара филологин Iилманийн доктор, профессор Овхадов Муса.

Суьйренехь дакъалоцуш вара вайн республикин дешаран а, Iилманан министр Х-Б. Дааев, МогашаллаIалашйаран министр И. Байсултанов,  Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, хаамийн, зорбанан министр А.Дудаев, Нохчийн меттан  институтан директор Хь.Умхаев, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президент Ш. Гапуров, Нохчийн Республикин йаздархойн союзан председатель  I.Ельсаев, Нохчийн Республикин халкъан йаздархо М.Ахмадов, ткъа иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а Экспертийн кхеташоно вовшахтоьхна йолчу тобан декъашхой а, республикехь нохчийн маттехула къахьегарца гӀарабевлла бевзаш болу Ӏилманчаш, журналисташ, йаздархой, хьехархой.

IMG-20211216-WA0023

Шайн къамелашкахь М, Овхадовс а, Хь. Умхаевс а, кхечара а билгалдаьккхира «Нохчийн меттан нийсайаздаран  йоккха дошам»  вовшахтохар а, иза зорбане йаккхар а Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр хиллачу Байсултанов Идрисан хьуьнар а, хьикмат а хиларан кхиам бу аьлла.

Хууш ду, Хасин Идрис нохчийн мотт безаш, цуьнан хиндолчух дог лозуш хилар.

Шен кьамелехь цо билгалдаьккхира йуьйцуш йолу дошам вовшахтоьхна хилар вайн нохчийн халкъана, шен махках а, маттах а дог лозучу йахь йолчу т1аьхьенашна а, доккха совг1ат ду аьлла, ткъа и дерриг, оцу гIуллакхна само йеш Мехкан-Да, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад - Хьаьжин Рамзан хиларан беркат ду аьлла.

Нохчийн мотт а, дешар а кхуьийла лууш, деригенна бала а, куьг а кхочуш ву вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Массара а цхьабосса билгадоккхура, тахана зорбане йаьлла дошам хьалх-хьалха дIабаханчу нохчийн меттан Iилманчийн боккха сатийсам хилла хилар.

IMG-20211216-WA0024

Иза шен къамелехь ч1ог1а хаза билгал а дира Нохчийн Республикин  дешаран а, 1илманан а министра Дааев Хож-Баудис.

Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь вайн халкъо даздарийн хьолехь билгалдоккхуш долчу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдинчу гӀуллакхех  уггаре  мехала а, историн маьӀне  хилам  болу а, доккха гӀуллакх  лара хьакъ ду "Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам" а, "Нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш " гулар а вовшахтоьхна охьайиллар.

Оцу чолхечу, жоьпаллечу балха тӀехь  къахьоьгуш вайн республикехь нохчийн маттехула, доккха зеделларг долу говзанчаш Iилманчаш, хьехархой, журналисташ бара.

IMG-20211216-WA0027

Уьш бу филологин Iилманийн докторш: Овхадов Муса, Халидов Муса, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Дадаев Сайд-Хьасан, Юнусов Хьамзат; филологин Iилманийн кандидаташ: Вагапов Iаьрби, Солтаханов ИбрахIим; Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн филологин факультетан нохчийн  кафедрин заведующи Ирезиев Сайд-Хьамзат; Нохчийн Республикин Iилманийн академин  Меттан а, литературин а, фольклоран а отделан Iилманан белхахо Абдулкадыров Адам; Нохчийн меттан  институтан директор Умхаев Хьамзат а, Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахо Бадаева Ӏайшат а.

IMG-20211216-WA0021

Царна массарна а даггара баркалла элира дош олуш йукьаволучу х1орамма а.

Къоман политикехь коьрта лоруш ду Къоман графика а, Орфографин дошам а  вовшахтоьхна охьайиллина хилар.

IMG-20211216-WA0022

Ницкъ кхочург дар вайна тӀехь ду. Ткъа  берашна мотт Ӏамор  доьзалехь а, берийн бешахь а дуьйна нисдан дезаш ду.

Нохчийн мотт гуонахарчу баккхийчара буьйцуш, берашна хӀора дийнахь  хезаш хила а беза.

IMG-20211216-WA0028

Цхьана дашца аьлча, тахана Къоман библиотекехь йовзийтина йолу дошам санна йолу дошам цхьана а къомо вовшахтоьхна ца хиларх дерг а билгалдаьккхира суьйренехь.

IMG-20211216-WA0029

Йуьйцуш йолу Нохчийн меттан орфографин дошам 10 томах лаьтташ йу, царна чохь 8 эзар 4 б1е аг1о  а, 140 эзар дош а, 1миллилн сов дешнййн кепаш а йу!

20211217 085525

Боккха кхиам бу иза. Боккха болх вайн 1илманчаша, меттан говзанчашна кхочушбинарг.

IMG-20211216-WA0031

Дела реза хуьлда и болх кхочушбайтинчу Мехкан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан т1елиллар кхочушдойтуш къахьегначу Байсултанов  Хасин Идрисана, вайн ларамечу 1илманчашна а!

Дала т1аьхье беркате йойла вайн!