Header1 1



Конкурс

20211217 0932-mКъилбаседа-Кавказан Федеральни округан (СКФО-н) республикийн къоман  меттанийн  хьехархошна йукъахь дlахьуш йу хlорашеран "Тхо тайп-тайпана ду, амма бакъонца цхьатерра ду" аьлла кхайкхам болу конкурс.

Хlокху шарахь конкурс дlaйахьаран рагl, ламасте дирзина ма-хиллара, стохка толам баьккхинчу хьехархочун махкахь, Гlебартой-Балкхаройн Республикехь йара.

Цул сов, хlинца йолу конкурс  дистанцин кепехь а йара.

 

 

 

 

 

20211217 093147

ГIуран беттан 16-чу дийнахь конкурсан  толамхошна а, декъашхошна а​ совгIаташ а деш, оцу республикин  коьртачу шахьарахь Нальчикехь даздарийн кепехь конкурсан жамlаш дар  хилира.

20211217 093122

Нохчийн Республикин цlарах  векал Соьлжа-ГIалин √25 йолчу ишколан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Эдилсултанов Муслим вара. «Сан марзонийн дуьне» (Мир моих увлечений) номинацехула толаме кхаьчна иза.

20211217 093214

Билгалдаккха лаьа, Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Iилманан белхахо Дашаева Лайлаъ оцу конкурсан жюрин ларамечу декъашхошна  йукъахь хилла хилар а.

20211217 093605

Теша лаьа, нохчийн меттан хьехархоша кхидIа а, иштта ларош, йахь дIа ца луш къахьоьгуш хиларх.

Дала тIаьхье беркате йойла вайн!