Header1 1



Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь  хилла цхьаьнакхетар

27022096-mНохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад - Хьаьжин Рамзанан тlедахкарш кхочушдаран гурашкахь, тахана, Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министр Дааев Хож-Бауди цхьаьнакхийтира Нохчийн меттан институтан директорца Умхаев Салманан Хьамзатаца.

Хууш ма-хиллара, хьастагlа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дlайаьхьначу  хlорашеран пресс-конференцехь, дозанал арахьа бехачу вайн республикин векалша дина хаттар дара нохчийн мотт  онлайн курсийн гlоьнца lаморан хьелаш кхоллар дехаран хьокъехь.

Иштта, цуьнца доьзна, вайн республикин Дешаран а, lилманан а  министро Х-Б. Дааевс а, Нохчийн меттан институтан директора Хь. Умхаевс а дийцаре дира, карарчу хенахь, нохчийн мотт lаморан а, кхиоран а хьокъехь  институтан говзанчаша кхочушбечу балхах дерг.

Салманан Хьамзата билгалдаьккхира институтехь кхочушйеш республикин дешаран "Urok-95" интернет-портал хилар а, цуьнан майданахь 1-11-чуй классашна лерина нохчийн меттан а, литературин а видео-дарсаш хилар a.

20211229-085149

Цул сов, Нохчийн Республикин школашна лерина "Нохчийн электронни школа" аьлла онлайн дарсаш вовшахтухуш хилар а хьахийра оцу къамелехь.

Оцу платформехь хьехархойн а, дешархойн дай-нанойн а аьтто хир бу къоман мотт  lаморехь дешархоша программа кхочушйаран  кхиам тергонехь латтон.

Цхьаьнакхетар дерзош министра билгалдаьккхира йолуш йолчу дешаран порталех ма-боллу пайда оьцуш хила дезаш хилар.

20210924-085844

Иштта, Дааев Хож-Баудис тlедиллира Нохчийн меттан институтан дешаран  проекташ а, царах болу хаамаш а регионашкарчу  Нохчийн Республикин векаллалашна  пайдаэца аьтто болччу тlегlанехь бовзийтар.

Цхьана дашца аьлча, чулацаме а, беркате а дара гlуран беттан 28-чу дийнахь Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министерствехь  хилла цхьаьнакхетар.

 Дала тlаьхье беркате йойла вайн!