Header1 1



Топоними - ширачу дахаран куьзга

20211231-073742-mЧекхдала герга ду 2021 шо. Кестта т1екхочур ду керла 2022 шо а. Кху шарахь бинчу белхан жам1аш ден мур а т1екхечи. Дешаран министерствона чуйог1учу нохчийн меттан институтехь а д1адолийна и г1уллакх.

Кхузарчу Историхула йолчу географин а, мохкбовзаран а лабораторехь кхачамца бинчу белхан жам1аш б1аьргбузош ду.

Гуьмсан к1оштана чуйог1учу яртийн топоними (меттигийн географихула йоху ц1ераш) х1оттош дара тхо. 20 юрт ю цу к1оштана чуйог1уш. Х1ораннан а топоними теллина, йийцареян ларийна тхо.

Яртийн историн а, географин а хаарш долчу адамийн барам вайн заманахь охьабаьлла хиларна дикка халачу хьолехь нисделира тхан кхиаме кхачар.

Делахь а, мало ца еш, халонна б1окъажор доцуш, тхо-тхаьш а, ярташкара х1айттархой а каде хьовзар бахьана долуш, жигара д1абахара тхан болх.

Цу балха т1ехь, коьртачу декъана, тхуна г1одира ярташкарчу ишколийн белхахоша.

Дикачу аг1ор ц1е яккха хьакъ йолчех ю Энгель-Юьртара а, Хаьнгиш-Юьртара а, Лаха-Герзелера а, Ишхой-Юьртара а, иштта кхийолу масех ишкол а.

20211231-073819

Шайн яртийн топонимаш билгалъян а, уьш историн а, культурин а, дахар-1еран аг1онашкара 1илманца яста а хуучу юьртахойн накъосталлица ишколийн куьйгалхоша а, белхахоша а лерина болх бира цу декъехь.

Къаьсттина ала лаьа Лакха-Нойберарчу дешаран кхерчан куьйгалхочух лаьцна.

Тхох дозуш доцчу бахьанина, аьтто ца нислуш, мелла а т1аьхьадиснера цу юьртан топоними х1отторан г1уллакх.

Г1ура-бутт юкъал т1ехбаьллачул т1аьхьа (и г1уллакх сел т1аьхьадисна хиларна цаьрга и хьахо ийзалушшехь) юьртарчу ишколан не1аре дахара тхо.

Шен хеннахь и болх д1абоьрзур бу бохург йоккхачу шеконехь дара. Тхан ирсана, г1иллакх-оьздангаллица а долчу, вайн мехкан историх а, 1илманах а дог лозучу адамашна т1енисделира тхо.

Дахар а, пачхьалкхан г1уллакхалла а дика девзаш хиллера Лакха-Нойберарчу №1 йолчу ишколан директор йолу Давлетмурзаева Баудин Марьям.

Дукха зама ца ийшира оцу доьналла долчу, нохчийн оьздачу йо1ана хьеший г1уллакх кхиаман некъа т1е даккха.

Шен белхан накъостех дага а йолуш, сихонца схьакарийра юьртахошлахь цу декъехь мелла а лакхара хаарш долу нах.

Олуш ма-хиллара, хьешашна доьттина чай шелдала а кхиале схьагулбелира тхуна оьшшу накъостий – Марьям нийса кхеттера тхан белхан 1алашонах, аьлча а, оха шайна т1едеанчу г1уллакхах.

Шина-кхаа сохьтехь оха динчу къамелаша, белхан кадаьккхина, шерачу новкъа т1е даьккхира тхан г1уллакх. Даккхийдерца д1асакъаьстира тхо, юха а цигахь гулдала барт а бина.

20211231-073921

Кхечу ярташкахь масех баттахь кхочушбан тхо ларийна долу болх ялх дийнахь (кхин хан яцара и болх д1атетта) чекхбаьккхира тхан талламан тобано.

Де-буьйса ца хоьржуш, йоккхачу самонца 1уналла деш, юьртахошца цхьанабертахь кхочушдира Давлетмурзаевас цу декъехь ша т1елаьцнарг.

Шо чекхдолу денош, эхашеран жам1аш ден мур, Керлачу Шарна кечамбар, ишколан белхан кехаташ хила дог1учу хьолахь хилийтар – оцу г1уллакхашна кхин иэшам а боцуш, дерригенца ларийра и мало йоцу куьйгалхо.

Марьям Баудиновна хьакъ хилла шен хьокъехь довха дош ала. Юьртана а, махкана а пайденна а йолуш, шена хьакъ болчу меттахь белхахо ю Давлетмурзаева!

Тхуна накъосталла динчу кхин масех а стеган ц1е яккха еза аьлла, хета тхуна. Уьш бу Борхаджиев Рамзанан Хожбауди, «Гумс» гезетан коьрта редактор (Гуьмса-г1алин топоними); Абдулхалимовг1еран Джабраилан Сайд-1алви а, Хасмохьмадан Сайд-Ахьмад а, Гуьмсен бахархой («Нохчийн поселок» микрорайонан топоними); Сайдархановг1еран Пашин Муса а, 1алвин Мохьмад а, Джалкхен бахархой (Джалкхен топоними); Сумбулатов Абу1елин Дени, журналист, «Гумс» гезетан коьртачу редакторан заместитель (Хошкалден топоними); Масхадов Мовсаран Олхазар, заь1апхо, Комсомольскин вахархо (Комсомольскин топоними) и д1. кх. Царна х1оранна а даггара баркалла боху оха!

Нохчийн мотт, халкъан истори, географи талларехь яьккхина мехала йолу керла г1улч ю иза.

 

Джунаидов Сайд-Ахьмадан Аюб,
Нохчийн меттан институтан
лакхара 1илманан белхахо.