Header1 1



Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум

IMG-20220114-WA0003-mСелхана, 2022-чу шеран кхолламан беттан 13-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу ишколан нохчийн меттан хьехархошна методически гӀo-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара Итон-Кхаьллан, Невран, Теркан, Шелковскан муниципальни кӀоштийн Дешаран урхаллийн РТБ-н координаторш а, 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой а.

IMG-20220114-WA0001

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошца къамел дира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран куьйгалхочо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбека.

IMG-20220114-WA0002

Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Региональни талламан белхаш йукъабалоро оцу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархоша а, дешархоша а цхьаьна бечу белхан эвсаралла лакхайаккха йезаш хиларх шеко цахилар хаийтира цо.

20220114 102501

РТБ-н чулацам а, дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Абдуразаков Шертбека, Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

20220114 101640

Семинар-практикуман чаккхенехь, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш, дерзоран къамел дира дешаран-методикин кхачойаран Центран куьйгалхочо.