Header1 1



Нохчийн меттан институтехь керлачу декъан болх дIаболабелла

2729942-mНохчийн меттан институтехь керлачу декъан болх дIаболабелла – пайде меттаIилманан центран (центр прикладной лингвистики).

Кхул хьалха 6-7 шо дара Нохчийн Республикин Iилманан академехь пайде семиотикин декъо болх бен.

Цигахь оха кхочушйина дуккха а мехала проекташ, нохчийн мотт компьютер чу баккха хьелаш кхолларехь.

Амма и болх ма-хетта дIабахийта аьтто ца хуьлу нохчийн меттан декъехь пайде Iилманан талламаш цахилар бахьана долуш.

ХIокху керлачу центрехь цу декъехь баххаш дахка аьтто хиларе дог догIуш а ду тхо.

Ткъа дуьххьарлера проект – нохчийн мотт гочден программаш чу баккха корпус кхоллар (создание корпуса для внедрения чеченского языка в системы компьютерного перевода).

Иза Iаламат боккха болх бу, меттаIилманан массо а декъера хаарех пайдаэца дезар долуш, оцу балхаца цхьаьна дуккха а талламаш, къестамаш бан дезар долуш.

Центран белхахочо Эльдерханова Зайнапа ма-аллара, цхьа миллион предложеница цхьаьна ши миллион тIом а хила мега тхуна хьалха) Амма цхьанна а халонех озалур йоцуш, хаддаза къахьоьгур долуш коллектив йу вовшахкхеттарг, Дала мукъалахь.

Вайн къинхьегаман дика тIаьхьало хирг хиларх са а туьйсур-кх вай.

 

Бадаева Iайшат