Header1 1



Нохчийн меттан институтан белхахой декъалбира цхьамогIа дуьнен чу бевлла денош хиларца

20220203 16022422-mТахана, чиллин беттан 3-чу дийнахь Нохчийн меттан институтан цхьамогӀа белхахой дуьнен чу бевлла денош хиларца  декъалбира Институтан директора Умхаев Хьамзата  институтан коллективаца  цхьаьна.

Царна  йукъахь бара Нохчийн Республикин халкъан йаздархо Ахмадов Муса а, Нохчийн Республикехь а, дозанал арахьа а дика  вевзаш волу  ӏилманча-лингвист, дуккхачу  ӏилманан белхийн  а, нохчийн масех дошамийн а автор волу Вагапов Ӏарби а,  Нохчийн меттан институтан  Пайден меттаӀилманан центран белхахо Бурчаев Султан а, ткъа иштта, Нохчийн меттан институтан жоьпаллин Ӏилманан-секретарь  Байдарова Совдат а.

 

IMG-20220203-WA0004

Ала догӀучохь хазчу дашна  комаьрша волчу Хьамзата  даггара декъал а беш, совгӀаташ дира царна.

IMG-20220203-WA0005

Вайн заманахь уггар чӀогӀа оьшург ийман а, могашалла а йу.

IMG-20220203-WA0002

Церан дахар шайн доьзалашкахь а, балхаца а беркат а, кхиамаш  а болуш хуьлийла лаарх элира декъалдаран дош аьллачу белхан хӀора а накъоста. 

IMG-20220203-WA000322

Дала могаш-маьрша долуш дукхадахадойла шу!