Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин региональни мур

20220205 185841-mЧиллин беттан 3-чу дийнахь, лакхарчу классашкара дика хаарш а, похӀма а, кхоллараллин говзалла а йолу дешархой билгалбахаран Ӏалашонца Нохчийн меттан институтехь дӀабаьхьира «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин региональни мур.

Олимпиадин декъашхой декъал а беш, кегийрхошна ненан мотт безар а, церан иза кӀорггера Ӏамо лаам кхоллабалар  а таханлерчу дийнахь  Ӏаламат мехала хилар билгалдаьккхира  Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Салманан Хьамзата.

 

 

20220205-183708

«Нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин региональни муьран къовсамхойн йолу бакъонаш а,  цара ларбан беза лехамаш а бовзуьйтуш, вистхилира Дешаран-методикин центран доладархо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбек.

20220205-183512

Олимпиадехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин йерриге а кӀошташкара муниципальни муьрехь толам баьккхина 9 – 11 классийн дешархой.

20220205-184053

20220205-184507

Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран региональни муьран толамхойн а.

20220205-182936

20220205-183011

20220205-183607

Къовсамхоша кхочушдинчу тӀедахкарша йукъалаьцнера коьртачу а, йуккъерчу а ишколехь Ӏамо билгалдаьхна меттан дерриге а Ӏилманан дакъош.

20220205-183107

20220205-183123

Цара йаьхначу баллашка хьаьжжина, къастор бу «нохчийн мотт» предметан дешархойн Йерригроссин олимпиадин региональни муьран толамхой.