Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум

20220208 163418-m2022-чу шеран чиллин беттан 8-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Региональни талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу ишколан нохчийн меттан хьехархошна методически гӀo-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара Гуьмсан, Курчалойн, Ножай-Йуьртан, Шелан, Шуьйтан муниципальни кӀоштийн Дешаран урхаллийн РТБ-н координаторш а, 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой а.

 

 

VideoCapture 20220208-162138

VideoCapture 20220208-162242

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошка маршаллин дош а олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Салманан Хьамзат.

VideoCapture 20220208-162427

Йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Региональни талламан белхаш кхочушбаро дика жамӀаш гойтург хиларх шеко цахилар а хаийтира цо.

Кхин дӀа семинаран декъашхошца къамел дира Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран Центран куьйгалхочо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбека.

VideoCapture 20220208-162059

Цо билгалдаьккхира йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Региональни талламан белхаш йукъабалоро оцу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархоша а, дешархоша а цхьаьна бечу белхан эвсаралла лакхайаккха йезаш хилар.

РТБ-н чулацам а, дӀахӀоттам а бовзуьйтуш, хьехархошка тӀедахкарш кхочуш а дойтуш, семинаран болх дӀабаьхьира Ӏилманан белхалоша: Тутаева Сацитас, Хунарикова ПетӀмата.

VideoCapture 20220208-163251

VideoCapture 20220208-162127

Семинар-практикуман чаккхенехь, цуьнан декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а луш, царна баркалла а олуш, дерзоран къамел дира дешаран-методикин кхачойаран Центран куьйгалхочо.