Header1 1



Джамбеков ШаIранина лерина дагалецамийн суьйре дIайаьхьира А. Айдамировн цIарахчу Кьоман библиотекехь

27412577-mНохчийн халкъана дукхавезаш хилла нохчийн меттан Ӏилманча, фольклорист, филологин 1илманийн доктор Джамбеков Ша1ранина лерина дагалецамийн суьйре д1айаьхьира А. Айдамировн ц1арахчу Кьоман библиотекехь.

Шо ду иза вайца воцу.. ( Джамбеков 1ела-Хьаьжин ша1рани (Овхьад) (Дала гечдойла цунна) вина 1949-чу шеран 17-чу февралехь Г1ирг1азойн махкахь. Бакъдуьнене вирзина 2021-чу шеран 6-чу мартехь).

Нохчийн Республикин  Ӏилманан а, дешаран а, культурин а, литературин а интеллигенцин векалш бара оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш.

Царна йукъахь: НР-н дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан Ӏилманан институтан директор Хь.Умхаев, Нохчийн Республикин халкъан йаздархой М.Ахмадов, М.Бексултанов, филологин Ӏилманийн докторш, профессорш М.Овхадов, М.Халидов, НР-н йаздархойн союзан председатель 1.Ельсаев, Ша1раница цхьаьна белхаш бина хилла нах, иштта, Шуьйтан кӀоштарчу Лакха Варандара ШаӀранин  гергара нах а, доьзал а.

27421

Цхьаьнакхетар дӀадаьхьира йаздархочо  М. Ахмадовс. Ша1рани шен дахаран т1аьххьарчу шерашкахь Нохчийн меттан институтехь а, Исламан университетехь а, Хьехархойн университетехь белхаш бина вара.

274205
Нохчийн меттан институтан директора Умхаев Хьамзата билгалдаьккхира ШаӀрани нохчийн  мотт а, литература а кхиорехь йаккхий 1алашонаш йолуш хилла хилар. Ша1ранина лерина йазйина байт йийшира Хьамзата.

274159
Ельсаев 1аламхьада билгалдаьккхира Ша1ранис 1илманан хьаьрмахь кьегина лар йитина хилар а, иза д1авалар нохчийн халкъана боккха иэшам хилар а. 

Ша1рани баккьалла а Далла дукхавезаш стаг хилар тоьшалла ду иза нохчийн халкъана а везаш, оьшуш ваьхна хилар.

Хала ду цуьнан ц1арах, "вара", "хиллера" алар а. Доза доцуш оьздангалла а, г1иллакх а дара цуьнгахь.

274150

Суьйре д1айоьрзуш Хь.Умхаевс довзийтира  Соьлжа - Г1аларчу цхьана урамна Ша1ранин ц1е тилла аьлла дехар даран хьокъехь Соьлжа-Г1алин мэрин куьйгалле йаздина кехат.

Ша1рани вирзина эзарт декьалдаре доьхуш до1анаш дира цхьаьнакхетарехь хиллачу наха.

274186
Суьйре вовшахтоьхна йара Нохчийн меттан институтан а, НР-йаздархойн союзан а, А. Айдамировн ц1арахчу библиотекин а куьйгаллийн даглацамца.

ДАЛА ГЕЧДОЙЛА, ДЕКЬАЛВОЙЛА ХЬО, ША1РАНИ…

 

 

Эльдерханова Зайнап