Header1 1



Нохчийн меттан институтехь кхеташо дIайаьхьира

2745269922-mЧиллин беттан 21-чу дийнахь, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран Дааев Хож-Баудиин тIедилларца Нохчийн меттан институтехь кхеташо дIайаьхьира  вайн республикин школийн йуьхьанцарчу классийн дешаран Iаматаш вовшахтухуш болчу авторшца.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Зубхаджиев Мохьмад-Iела а, "Грозненский рабочий" книгийн издательствон директор Гебаев Ислам а, ткьа иштта, Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат а.

 

 

 

20220222 1

Дешаран Iаматийн чулацаман дикаллах а, уьш зорбане кечйар билгалйинчу хенахь хилийтар а дара цхьаьнакхетарехь динчу къамелан коьрта дакъа. (Цкъачунна йуьйцуш ерш 1-4-чуй классийн Iаматаш ю).
Дешаран Ӏаматаш хилла ца Ӏаш, цаьрца цхьаьна методикин гӀо-Ӏаматаш а, белхан тептарш а кечдеш къахьоьгуш йу зеделларг долчу хьехархойх а, методистех а, художникех а лаьтта тоба.

20220222 155342

Цхьана дашца аьлча, Iаматна «къобалйина» аьлла мухIар тохале хьалха кхочушбан безачу боккхачу балхах дийцира кхеташонехь.

20220222 155250

Хууш ма-хиллара, школийн дешархошна лерина йолу Iаматаш зорбане йаьхначул тIаьхьа йа тIейуза а, йа хийца а хьашт хилча, и бакъо хIора 5 шо даьлча луш хилар.

Оцу йукъанна хьехархоша а, дешархоша а мах хадабо церан.

20220222_1522.jpg

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Х-Б. Дааевс Нохчийн меттан институтан куьйгаллина тидаме эца аьлла тIедиллина оцу Iаматийн чулацам беркате а, берашна товчу агIор аьхна-къегина хаза хилийтар.

Кхеташонехь билгалделира Iаматийн хьокьехь а, уьш зорбане йахьаран хьокьехь кьасто дезаш гулделла хаттарш хилар.

Кхеташонан чаккхенехь хиллачу сацамца ши бутт чекхбаьлча жамӀаш довзийта кийча хир бу Ӏаматийн авторш.

Дала тIаьхье беркате йойла!