Header1 1



Ерригроссин олимпиадин нохчийн меттан, литературин региональни мур

274887002 65m2022-чу шеран товбецан беттан 1-чу дийнан Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон № 1126-п йолчу омрица чиллин беттан 3-чуй, 22-чуй деношкахь йукъардешаран хьукматийн 9-11-чуй классийн векалшна йукъахь дӀабаьхьира дешархойн Ерригроссин олимпиадин нохчийн меттан, литературин региональни мур.

Олимпиадин коьрта Ӏалашонаш:

– лаккхарчу классашкара дика хаарш, кхоллараллин говзалла йолу дешархой билгалбахар;

– ненан матте, исбаьхьаллин литературе безам кхиор;

– дешархойн хаарш а, говзалла а лакхайаккхаран хьелаш кхоллар.

IMG 5499-x

Олимпиадехь дакъалецира республикерчу муниципальни муьрехь оцу предметашна хьалхара меттигаш йаьхначу дешархоша. Цул сов, къовсамехь дакъалаца бакъо йара дӀадаханчу дешаран шеран региональни муьран толамхойн а.

ХӀора классана лерина нохчийн меттан, литературин олимпиадийн тӀедахкарш шайн барамца а, чолхаллица а къаьсташ дара. 9-чу классан дешархоша кхочушдан дезара шина а предметана 13 тӀедиллар, ткъа 10-11-чуй классийн дешархоша – 15 тӀедиллар, царна йукъахь йара сочинени а.

IMG 5508-x

9-чу классан олимпиадин декъашхойн таро йара шаьш кхочушдинчу дерриге а тӀедахкаршна 75 балл йаккха (нохчийн мотт а, литература а), 10-чу классан декъашхойн – 85 балл (нохчийн мотт), 100 балл (литература), 11-чу классан – 90 балл (нохчийн мотт), 100 балл (литература).

Нохчийн меттан олимпиадин талламан-лараран коьчалшна йукъадог1у йуккъерчу ишколехь Ӏамо билгалдина меттан дерриге а Ӏилманан дакъош. Къовсамхоша кхочушбина белхаш теллинчул тӀаьхьа билгалделира хьехархоша дешархошца кечамбаран болх эвсараллица дӀабаьхьна хилар а, цхьаболчу дешархойн нохчийн маттах, литературех долу хаарш лаккхарчу тӀегӀан тӀехь хилар а.

IMG 5509x

Литературин олимпиадин 9-чу классан декъашхоша, талламан-лараран коьчалш тӀехь деллачу тӀедахкаршна жоьпаш а йаздеш, стихотворенин анализ йира. Цул сов, оцу стихотвореница йозуш йолчу темина сочинени а йазйира.

10-11-чуй классийн дешархошна лерина тӀедахкарш чолхедаьхнера. Церан, талламан-лараран коьчалш тӀехь тӀетовжа далийнчу тӀедахкарех пайда а оьцуш, йозуш йолчу текстаца стихотворенин анализ йан дезара.

Иштта – стихотворенин маьӀница йогӀуш йолчу темина сочинени йазйан а.

Литературин олимпиадин жамӀаша гайтира дешархойн кхоллараллин говзалла а, исбаьхьаллин литературица церан уьйр-марзо а хилар.

IMG 5510x

Нохчийн маттах а, литературех а лаккхарчу тӀегӀанехь хаарш гайтира Хадашева Русланан Ясминас (Соьлжа-ГӀаларчу № 5 йолчу гимназин 9-чу классан дешархо), Хамзатова Майрбекан Рашанас (Хьалха-Мартанан кӀоштан Олхазар-кӀотаран № 2 йолу йуккъера йукъардешаран ишколан 10-чу классан дешархо), Тахтарова Сайдаминан Мадинас (Соьлжа-ГӀалин муниципальни кӀоштан Долинскера йуккъера йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо), Бадиева Русланан Мадинас (Теркан муниципальни кӀоштан Ӏелин-Юьртан № 2 йолу йуккъера йукъардешаран ишколан 10-чу классан дешархо), Мутиева Ӏусманан Радимас (Шелковскера № 1 йолу йуккъера йукъардешаран ишколан    9-чу классан дешархо), Вахабов Анзоран Мохьмад-Эмина (Соьлжа-ГӀалин Президентски лицейн 10-чу классан дешархо), Сурхаева Баудин Альбикас (Соьлжа-ГӀалин муниципальни кӀоштан Долинскера йуккъера йукъардешаран ишколан 11-чу классан дешархо), Ауторханова Ӏаьндин Хедас (Соьлжа-ГӀаларчу № 12 йолчу гимназин 11-чу классан дешархо), Домбаева Хампашин Раянас (Шела-гӀалин дешаран центран 11-чу классан дешархо), Межидова Сахьабан Раянас (Теркан муниципальни кӀоштан Ӏелин-Юьртан № 2 йолу йуккъера йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо), Дакаева Лечин Марьяма (Гуьмсан муниципальни кӀоштан Ишхой-Юьртара йуккъера йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо), Алиева Лом-Ӏелин Нурьянас (Нажи-Юьртан муниципальни кӀоштан ГӀансолчуьра йуккъера йукъардешаран ишколан 9-чу классан дешархо), Зунибаева Рахьманан Самирас (Нажи-Юьртан муниципальни кӀоштан Беной-Веданара йуккъера йукъардешаран ишколан 10-чу классан дешархо), Дадагова Асламбекан Хадижас (Соьлжа-ГӀалин № 4 йолчу гимназин 11-чу классан дешархо), Сурхаева Баудин Альбикас (Соьлжа-ГӀалин муниципальни кӀоштан Долинскера йуккъера йукъардешаран ишколан 11-чу классан дешархо), Ахметханова Алибекан Раянас (Шелан муниципальни кӀоштан Шела-гӀалин дешаран центран 11-чу классан дешархо).

Къовсамехь даьхначу жамӀаша билгалдоккху кегийрхойн ненан матте, литературе марзо хилар а, цаьрца тӀекхуьучу чкъуро зӀе латторг хилар а.