Header1 1



«Ненан мотт – къоман хазна» цӀе йолу регионан Этнографин диктант

IMG-20220218-WA0039-mЛамаст хилла дӀахӀоьттина Нохчийн меттан институто хӀора шарахь Дуьненайукъарчу ненан меттан денна лерина а, Нохчийн меттан денна лерина а регионан этнографин диктанташ дӀайахьар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана боккха тидам тӀебохуьйту нохчийн мотт кхиорна. 

Цо билгалдаьккхина: «Нохчийн мотт бийцина ца Ӏаш, ойла а нохчийн маттахь йан йеза вай …».

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министро Дааев Буарин Хож-Баудис 2022-чу шеран чиллин беттан 3-чу дийнахь куьг йаздинчу № 110-п йолчу омрица догӀуш, республикерчу дешаран хьукматашкахь февраль беттан 17-чу дийнахь дӀайаьхьира «Ненан мотт – къоман хазна» цӀе йолу Этнографин диктант. Диктантан чулацамехь 80 тӀедиллар дара; царах 50 тӀедиллар нохчийн меттан, 30 – литературин.

IMG-20220218-WA0035-x

Этнографин диктант вовшахтоха а, дӀайахьа а Нохчийн меттан институто Вовшахтохаран комитет билгалйаьккхинера:

Умхаев С.Хь. – институтан директор, Вовшахтохаран комитетан председатель;

Довлеткиреева М.Л. – директоран меттайерг, Вовшахтохаран комитетан председателан меттайерг;

Абдуразаков И.Ш. – дешаран-методикин кхачойаран центран доладархо, Вовшахтохаран комитетан жоьпаллин секретарь;

Овхадов Р.М. – нохчийн меттан лабораторин доладархо, Вовшахтохаран комитетан декъашхо;

Вагапов Д.Ӏ. – нохчийн меттан лабораторин хьалхара Ӏилманан белхало, Вовшахтохаран комитетан декъашхо.

IMG-20220218-WA0041-x

Диктантан Ӏалашонаш:

– Нохчийн Республикин дешаран хьукматашкарчу дешархойн а, ткъа иштта шайн лаамехь диктантехь дакъа мел лаьцначун а нохчийн маттах, литературех долчу хаарийн тӀегӀа билгалйаккхар;

– диктантан декъашхойн шайн ненан маттах долчу хаарийн барамах, мехаллех лаьцна ойла кхоллайалийтар а, и хаарш лакхадаха церан лаам алсамбаккхар а.

– эхь-бехкан а, гуманизман а, патриотизман а буха тӀехь граждански йукъаралла кхоллар.

Диктант йазйеш жигара дакъалецира 15432 стага.

Царах: божарий – 5350 стаг, зударий – 10082 стаг.

IMG-20220221-WA0048-x

Диктантан декъашхойн хан (шераш):

17 шаре кхаччалц – 9321 стаг;

18 шарера 25 шаре кхаччалц – 1554 стаг;

26 шарера 40 шаре кхаччалц – 2079 стаг;

41 шарера 60 шаре кхаччалц – 2232 стаг;

60 шарал сов – 246 стаг.

Этнографин диктантан жамӀийн йукъара балл – 62 балл.

IMG-20220221-WA0049-x

Диктантан декъашхоша шайна ненан мотт безар, шайн цуьнга марзо хилар гайтира. Хьалха хӀиттийначу хаттаршна кхоччучу барамехь жоьпаш делира дукхахболчара.

Ненан мотт диктантан декъашхошна бевзаш, безаш хилар бӀаьрла дара цара кхочушбинчу белхаш тӀехь.

ДӀайаьхьна Этнографин диктант рогӀера гӀулч йара нохчийн мотт Ӏалашбарна а, шуьйрачу йукъараллин тидам цунна тӀеберзорна а лерина республикехь дӀахьочу гӀуллакхийн.

 

Нохчийн меттан институтан
Дешаран-методикин кхачойаран центр.