Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайуьйлайелла говзалла лакхайаккхаран курсаш

20220301 201343-mБекарг беттан 1-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дӀайуьйлайелла «Коьртачу йукъарчу дешаран Ӏаморан программашца 2022-чу шарахь пачхьалкхан жамӀдаран аттестаци дӀайахьарехь региональни предметан комиссехь болх дӀабахьа нохчийн меттан

эксперташ кечбар» тӀетоьхначу корматаллин программица говзалла лакхайаккхаран курсаш.

Болх дӀаболош, эксперташка вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Салманан Хьамзат.

 

 

20220301-200554

20220301-200319

Цо билгалдаьккхира вайн регионехь нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзамен йукъайаккхар къоман мотт Ӏалашбарехь мехала гӀуллакх хилар а, экзаменна кечамбан дезаро хьехархойн а, дешархойн а тидам маттана алсам тӀеберзорг хилар а.

20220302 074905

20220301-200424

Курсаш дӀайахьаран Ӏалашо а, дешаран-тематикин хьесап а довзийтина, ладогӀархойн коьрта декхарш хаийтира Дешаран-методикин центран куьйгалхочо Абдуразаков ИбрехӀиман Шертбека.