Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира курсаш

20220326 094256-mБекарг беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дӀайирзира культурин белхахошна лерина «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» цӀе йолу говзалла лакхайаккхаран курсаш.

Курсийн программин гурашкахь ладогI архоша кхочушбира йуьхьанцара а, жамIийн а диагностикийн белхаш.

Эвсараллица, керлачу бакъонашна т1е а тевжаш, йозанехь хилла хийцамаш бийцаре а беш, болх дlабаьхьира курсийн ладогlархошца.

 

 

20220326-081639

20220326-081539

Институтан директоро Умхин Хьамзата тоьшаллин кехаташ дIа а луш, йерзийра цу боламан чаккхе.

20220326-081820

20220326-081257

Дала тIаьхье беркате йойла!