Header1 1



Керла сайт

20220329 090130-mНохчийн Республикин дешаран 1илманан Министерствон 22.03.2022-чу шеран, 549-n омрица йог1уш, нохчийн меттан Институтан, дешаран-хаамийн технологийн Центро тахана Институтехь д1айаьхьира, "desharkho.ru" сайт т1е йаьхна материалаш къобалйаран а, иштта цу сайт т1ехь доьшучу дешархойн кхиамех лаьцна а, жоьпаллин белхахошна лерина семинар.

Апробацехь дакъалоцуш цу семинарехь 43 йуккъарчу дешарн организацин векалш бара.

Циггахь цаьрна гайтира сайтан презентаци, иштта дийцира Нохчийн электронни сайт кхолларна дина белхех а, кхин т1е дан дезачу белхех а.

 

 

20220328-174117

20220328-174716

Семинарехь бистхилира дешаран-хаамийн технологийн Центран методисташ а.

20220328-174618

20220328-174026

Цхьанакхетар чекхдолуш вовшахтохархоша баьхкинчу хьешийн хеттаршна жоьпаш делира.

20220328-174815

Бекарг беттан 28-чу дийнера, оханан беттан 10-г1а де кхаччалц йолчу ханна, йуккъарчу дешаран организацишна т1едуьллуш ду цу сайт т1ехь берашца цхьаьна болх бар, цул т1аьхьа цунна аналитически кехат дар.

20220328-174053

"desharkho.ru" сайт къобалйинчул т1аьхьа, йуккъарчу дешаран организацишкахь лелор йу.