Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира семинар-практикум

20220330 034404-m2022-чу шеран бекарг беттан 29-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан жамӀдаран аттестацина кечамбаран эвсаралла лакхайаккхар» цӀе йолу семинар-практикум.

Семинаре кхайкхина бара республикерчу хӀора а кӀоштан ишколашкара кхушара дуьххьара 9-чу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой.

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошка вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат.

 

 

20220330 034724

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира 9-чу классашкахь нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан кепехь жамӀдаран аттестаци дӀайахьар къоман мотт Ӏалашбарехь мехала гӀуллакх хилар а, дешархоша а, хьехархоша а тидам маттана алссам тӀеберзорг хилар а.

Семинар дӀайаьхьира «Ас дӀалур ю ПКЭ!» дешаран-методически гӀо-Ӏаматан авторша: Ш. Абдуразаковс, С. Тутаевас, П. Хунариковас.

20220330-033416

Семинаран Ӏалашо а, белхан чулацам а бовзийтина, нохчийн меттан экзамен дӀайахьа лерина йолчу талламан лараран коьчалийн спецификацех лаьцна дийцинчул тӀаьхьа хьехархошка йозанан болх кхочушбайтира Дешаран-методикин кхачойаран центран доладархочо Абдуразаков Шертбека.

Талламан лараран коьчалийн шолгӀа дакъа кхочушдаран алгоритм йовзийтира Тутаева Сацитас.

20220330-033802

КхоалгӀачу декъан тӀедиллар а, цуьнан дӀахӀоттам а хьехархошна бовзийтина, гӀо-Ӏаматан авторех цхьаъ йолчу Хунарикова ПетӀамата.

20220330-033854

Семинаран декъашхошка ТЛК-н 9.3 сочинени-ойлайар а язйайтина, иза йийцаре йира, методически хьехамаш а беш.

VideoCapture 20220330-032644

Республикерчу ишколашкара нохчийн меттан хьехархошца дӀабаьхьначу белхан фразеологизмашца рефлекси а йина, семинаран декъашхоша деллачу хаттаршна жоьпаш а делла, цхьаьнакхетар дерзийра Ш. Абдуразаковс.