Header1 1



Институтехь дӀахьош бу «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам

2022-04-12 131908-mТахана, 2022-чу шеран оханан беттан 12-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь йукъардешаран хьукматийн дешархошна йукъахь дӀахьош бу Нохчийн меттан денна лерина «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» цӀе йолу республикански къовсам.

Цигахь дакъалоцуш бу муниципальни къовсамехь хьалхара меттигаш йаьхна 9 – 11-чуй классашкара дешархой.

 

 

2022-04-12 132232

Къовсаман Ӏалашонаш йу:

– кегийрхойн кхиаран интеллектан тӀегӀа лакхайаккхар;

– дешархойн дозуш долу йозанан къамел кхиор а, сочинени йазйан Ӏаморан эвсара зеделларг вовшахтохар а, къепе далор а, даржор а;

– кегийрхойн нохчийн маттаца а, литературица а, коьртачу синмехаллашца санна, дика йукъаметтиг кхоллар.

– нохчийн маттах а, исбаьхьаллин литературех а долу хаарш лакхара хиларан мехалла кегийрхошна йовзийтар.

2022-04-12 131709

Къовсам дӀаболош, цуьнан декъашхошка вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Салманан Хьамзат.

2022-04-12 131816

Цо билгалдаьккхира хӀара санна болу къовсамаш дӀабахьар а, дешархойн ненан маттах долу хаарш, кхоллараллин говзалла зер а Ӏаламат мехала хилар.

2022-04-12 132011

ДӀахьош болу къовсам рогӀера гӀулч йу нохчийн меттан Де даздарна леринчу гӀуллакхийн.