Header1 1



Нохчийн меттан институтехь  дIадаьхьира Республикин "Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2022" конкурсан хьалхара де

IMG-20220415-WA0008-mОханан беттан 14-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь  дlадаьхьира Республикин "Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2022"  конкурсан хьалхара де.

Конкурс дIайахьаран Iалашо йу кхоллараллица болх бен нохчийн меттан тоьлла хьехархой билгалбахар а, царна гlо лацар а.

Кхушара конкурсехь дакъалоцуш 15 хьехархо ву.

 

 

IMG-20220415-WA0020

Тахана царна хьалха хIоттийна тIедиллар дара "Хьехархочун васт" гайтар.

IMG-20220415-WA0012

Шайн кхоллараллин тlегlа лаккхара хилар довзуьйтуш, хьехархоша башхачу дустаршца далийнера уьш.

IMG-20220415-WA0009

Тергамхоша баккхийберца тlеийцира шайна кхеле диллинарг. Конкурсан декъашхоша а, тергамхоша а эвсаре болх барца дерзийра таханлера де. 

IMG-20220415-WA0010

Рогlера конкурсан зиэр кхана (оханан беттан 15-чу дийнахь) дlахьур  ду.

IMG-20220415-WA0030

Дала аьтто бойла массеран а!