Header1 1



Нохчийн меттан институтехь дIайаьхьира "Нохчийн мотт Iаморехь а, талларехь а долу ладаме хаттарш" Йерригроссин Iилманан-практикин конференци

20220527 074419-mХIутосург беттан 26-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтехь дIайаьхьира нохчийн поэт, йаздархо, Iилманча, хьехархо, этнограф, мохкталлархо, гочдархо, суртдиллархо, илланча, "Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними" белхан автор Сулейманов Ахьмад вина 100 шо кхачарна лерина "Нохчийн мотт Iаморехь а, талларехь а долу ладаме хаттарш" Йерригроссин Iилманан-практикин конференци.

Оцу мехалчу цхьаьнакхетарехь  дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхочун меттаниг Тамаев Iаьрби, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин Парламентан председателан гIоьнча Хазбулатов Бекхан, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран меттаниг Зубхаджиев Мохьмад-Iела, Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат, институтан белхахой - Iилманчаш Халидов Айса, Овхадов Муса, Вагапов Iаьрби, Акаев ВахIид, Мунаев ИсмаьIал, Ирезиев Сайд-Хьамзат, Абдулкадыров Адам, Бадаева Iайшат, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо Ахмадов Муса, йаздархо Джунаидов Аюб, Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан куьйгалхо Ельсаев Аламахьад, йаздархой, журналисташ Шамсудинов Бувайсар, Якиев Iумар, Аболханов Хьаким, Алиева Зарина, кхиболу а нохчийн Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш а.

20220527 074225

IMG-20220526-WA0046

IMG-20220526-WA0051

Гулбеллачара дийцира Сулейманов Ахьмада нохчийн литературехь а, Iилманехь а йитинчу махбоцчу хазнах а, дикачу гIуллакхех дуьзна хиллачу шен дахаран цо вайна дитинчу масалх а лаьцна.

20220527 080739

IMG-20220526-WA0049

20220527 100313

Конференцин гурашкахь Нохчийн меттан институтехь дIайаьхьира Сулейманов Ахьмадан кхоллараллица йоьзна масех секци.

 

Муртазов Iадлан