Header1 1



Дааев Хож-Баудица кхеташо хилира, нохчийн меттан Институтан Iилманан белхахойн

2022-06-24 094323-mНохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министраца Дааев Хож-Баудица кхеташо хилира, нохчийн меттан Институтан Iилманан белхахойн.

Асаран беттан 22-чу дийнахь, нохчийн меттан Институтехь, Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министраца, Дааев Хож-Баудица а, цуьнан гIоьнчаца Зубхаджиев Мохьмад-Iелица а кхеташо хилира, нохчийн меттан Институтан Iилманан белхахошца, дешархошна нохчийн меттан а, литературин а киншкаш хIиттош болчу авторшца.

 

2022-06-24 094153

Кхеташонехь дийцаре дира:

Йуьхьаьнцарчу классашна лерина кечйечу нохчийн меттан а, литературин а киншкех дерг.

2022-06-24 094044

ХIинцалц схьа дешархоша лелийна йолу киншкаш, тIедогIучу шарна керлачу бакъонашца нисйар.

Компьютерни системехь гочдарийн нохчийн-оьрсийн корпус тойар.

2022-06-24 094237

Нохчийн меттан а, литературин а керла кечйинчу киншкашна дешаран шарахь дикаллин таллам бийр бу, Соьлжа-ГIаларчу 2-3-а ишколехь.

Книгийн авторша хаийтира, шаьш кхоьллинчу нохчийн меттан а, литературин а киншкаш керлачу бакъонашца нисйина хилар.

2022-06-24 094357

Кху шеран товбецан баттахь типографис оьшучу дукхаллийца арайохур йу уьш.

КхоалгIачу хаттарехь билгалдира, белхан жамIашка хьаьжча, нохчийн меттан лингвистин программина кечбина белхахой тоьаш ца хилар.

БархI говзанче йиллинчу ханчохь болх чекх ца баккхабелла. Ткъе итт говзанча лаххара а хилавезаш ву. Цунна къаьстина тIе тидам бахийта безаш хилар хаийтара Дааев Хож-Баудис.

Цхьанакхетар дIадерзош Дааев Хож-Баудис совгIаташ дира нохчийн меттан Институтан белхахошна.

2022-06-24 095117

2022-06-24 094832

20220624 095836

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца, "За заслуги перед Чеченской Республикой" мидалца декъалвира Эдилов Салавди,  "За трудовое отличие" мидалшца декъалйира: Вагапова Асет а, Магамшарипова ПетIамат а, Халикова Мадина а. Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун баркаллин кехатца декъалйира: Тутаева Сацита а, Ильясова Зина а.