Header1 1



Нохч-ГӀалгӀайчохь уггар доккхачу вирдан Устаз – Кунта-Хьаьжа

photo 2022-07-12 14-23-59-mНохч-ГӀалгӀайчохь уггар доккхачу вирдан Устаз – Кунта-Хьаьжа (Хьаьжа) – вина 1829 шарахь Мелчу-Хиехь, Кишин доьзалехь. 

Жима волуш дуьйна Хьаьжа билгал вара ирачу хьекъалца а, хазачу гӀиллакхца а, хьанал къахьегарца а, са мел долу а, доцчу а Дала кхоьллинчу хӀумане  боккха къинхетам хиларца.

Баккхийчара дийцарехь, Ӏарбийн дешар дешна ша ваьлча, 18 шо долуш, дуьххьара Хьажийн ЦӀа воьду иза.

Хьаж динчул тӀаьхьа, бусулбан дин схьадаьллачу меттигашкахула зийарт деш лелаш Ӏабдул Къедар Гиланин къадарин тарикъат девза.

Иза даго къобалдой, тӀеоьцу Хьажас.

Цигара ша цӀа вирзича, хӀинццалца Нохчийчохь хилла доцу къадарийн тӀарикъат а, цуьнан бехкамаш а кхайкхо волало иза.

Уггар хьалха, тӀамна а, нуьцкъах хӀума дарна а дуьхьал вара Хьажа.

ХӀора стаг шен сица кхиан везаш хилар, гӀазот шен, Далла ца дезначу, кхачамбацаршца, сакхташца, шайн айпе синошца дан дезаш хилар кхайкхадора цуо.

Иттаннаш шерашкахь дӀабоьдучу Кавказан тӀамна йуккъехула цу тайпана хьехамаш бар, гӀелделлачу халкъана кхеташ делахь а, Имам Шамална а, цуьнан гонна а товш дацара.

Делахь а, Хьаьжица шен цу хьокъехь къамел хилчул тӀаьхьа, иза маьрша витира Шамала.

Амма къадарин тӀарикъатан идейш Нохчийчохь шуьйра йаржа йолайелча, Хьажа шайна дуьхьала валарна кхоьруш, лаьцна ссылке вахийтира  паччахьан Ӏедало.