Header1 1



Хьехархочо кхуллу къам

2022-08-11 153934-mТахана нохчийн меттан Институтан актови залачохь, РЙО-с "НР-н ассоциацин нохчийн меттан хьехархой" вовшахтоьхначу "Хьехархочо кхуллу къам" конференцехь дакъалецира аса.

Конференцехь дакъалоцуш бара: - НР-н культуран Министерствехула йолу Йукъараллин советан Председатель Хидаев Хlарон, НР-хь а, ДР-хь а болх беш болу ассоциацин нохчийн меттан хьехархой а.

Цхьанакхетар дlадолош Ассоциацин куьйгалхочо Бергоева Азас бовзийтира регионехь нохчийн мотт кхиорехь а, lалашбарехь а даиман а да'къа лоцурш.

Сийлалин грамоташ йелира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча волчу Байсултанов Идрисана а, Нохчийн Республикин Парламентан депутатан Хазбулатов Бекханна а, НРХЬУ-н ректорна Байханов Исмаьlална а.

2022-08-11 153955

Иштта и сийлаллин грамоташ йеллачарна йукъахь со а нисвелла.

Сийлаллин грамоташца царна совгlаташ диначултlаьхьа, конференцин декъашхоша йира нохчийн мотт хьехарехь а, иза йукъарчу дешаран хьукматашкахь lаморах а долу лазамечу хаттарх докладаш.

2022-08-11 153750

Сайн къамелехь аса билгалдира нохчийн мотт lаморехь берашца беш болу болх кхоччуш ца хилар а, цул совнах "молодежный сленг" олуш цхьа хlума ду вайн, къаьсттина цунна тlетийжачара нохчийн меттан дешнаш керчош, хедош алар бахьана долуш цу дешнийн бакъонашца йогlу говзалла дlайолуш хилар а.

2022-08-11 153823

Ассоциацин хьехархошна тlедиллира шайн белхан дикалла совйаккхар.

Иштта билгалдира нохчийн мотт хаарца доьзна хилар кхин долу lилманаш а, меттанаш lамадар а.

Дагадаийтира дешаран шо доладалале нохчийн меттан а, литературин а классаш ша-тайпана кечйийриг хиларх а, иштта оьшуш мел болчу гlирсашца кхачо йийриг хиларх а.

2022-08-11 154032

Иштта дагадаийтира керлачу дешаран шарахь, керлачу бакъонашца кечйина киншкаш хьалхалерачаьрца хийца йолорг хилар а.

Сайн къамел дерзош, дакъа лаьцначарна а, хьехархошна а баркалла элира аса.

Дала тlаьхье беркате йойла!

 

https://t.me/daaev_minobr/144