Header1 1



Институтехь Къоначу меттаӏилманчийн йукъараллин рогӏера цхьаьнакхетар дӏадаьхьира

photo 2022-08-28 12-14-31-mНохчийн меттан институтехь Къоначу меттаӏилманчийн йукъараллин рогӏера цхьаьнакхетар дӏадаьхьира. Цу гуламна кечйина кхо доклад йара.

Ӏилманан доклад Абдулкадыров Адама йира.

Цуо шен къамелехь квантитативни лингвистикех кхетам белира ладуогӏархошна, иштта ша цу декъехь бина белхаш а бовзийтира.

Бадаева Заирас Йукъараллин декъашхоша карарчу хенахь ӏамош долчу декъах доклад йира.

photo 2022-08-28 12-14-32

Цуо дийцира грамматикин маьӏнах, тайп-тайпана меттанийн грамматикийн башхаллех а.

Сосаева Аминас ша поэтикин декъехь биначу талламан жамӏаш довзийтира.

photo 2022-08-28 12-14-31 3

Цхьаьнакхетарехь, кегирхой боцурш, Институтан белхахой а бара.

photo 2022-08-28 12-14-32 2

Цул сов, хьошалгӏа веана вара Ханбиев Артур - Правительствон Куьйгалхочун гӏовсан гӏоьнча.

Артур, ша маттаца доьзна декъехь болх беш вацахь а, нохчийн маттах дог лозуш, цуьнца долу хӏума тергонехь латтош а ву.

photo 2022-08-28 12-14-31

Цара массара а дика мах хадийр Йукъаралло дӏахьучу белхан.

Кегийрхошна ӏилманехь хьалхара гӏулчаш йаха цуо дика аьтто беш хилар билгалдаьккхира цара.