Муртазов Iадлана дакъалецира Къилбаседа Кавказан федерале округан къоначу йаздархошна леринчу регионийн йукъарчу кхоллараллин пхьалгIанехь
Нохчийн меттан институтан пайдечу меттаIилманан туьшан белхахочо, Нохчийн Республикин йаздархойн союзан декъашхочо, Россин журналистийн союзан декъашхочо Муртазов Iадлана дакъалецира товбецан 15-20-чуй деношкахь Пятигорск
гIалахь Россин йаздархойн а, зорбатохархойн а союзийн цхьаьнакхетаралло дIайаьхьначу Къилбаседа Кавказан федерале округан къоначу йаздархошна леринчу регионийн йукъарчу кхоллараллин пхьалгIанехь.
Конкурсехь кьастийначу 40 толамхошна йукъахь вара иза.
Вовшахтохархоша кечйинера чулацаме культурин а, дешаран а программа.
Цуьнан гурашкахь дIайаьхьира бевзаш болчу говзанчашца В.Березинца, А.Титовца, И.Бояшовца, И.Кочергинца, Е.Бершинца, О.Ермолаеваца, К.Комаровца, М.Лаврентьевца, М.Муслимоваца поэзин а прозин а семинараш, «Литературин блогинг» (Е.Васильева), «Зорбатохаран гIуллакх» (А.Смурова), «Стомма» литературин журнал кхолларан концепци» (Е.Чурахина) секцеш.
Иштта Къилбаседа Кавказан къоначу йаздархоша дакъалецира «Къилбаседа Кавказан регионашкахь литературин процесс кхиорехь ламаст а, кхузаманан хьал а» конференцехь а, М.Ю. Лермонтовн музейхь а, «Цветник» паркехь дIайаьхьначу литературин концертехь а, йаздархочуьнца Бояшов Ильяца цхьаьнакхетарехь а.
ПхьалгIанан жамIашкахула цхьаболчу дакъалацархошна магийра гулара тIехь зорбане бовла а, тIедогIучу шарахь хила йезаш йолчу Ерригроссин пхьалгIанехь дакъалаца а, литературин резиденцешка баха а.