Header1 1



2022-чу шеран товбецан беттан 20-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира семинар

2022-09-21 094656-m2022-чу шеран товбецан беттан 20-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь дӀайаьхьира «Нохчийн меттан, литературин белхан программаш хӀитторехь а, кхочушйарехь а методически гӀо-накъосталла» цӀе йолу семинар.

Семинарехь дакъалоцуш бара республикерчу хӀора кӀоштан нохчийн меттан, литературин методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхой а, методисташ а, ткъа иштта ненан меттан хьехархой а.

Семинаран Ӏалашо йара нохчийн меттан хьехархошка белхан программаш, урокийн хьесапаш, мах хадоран гӀирсийн фонд хӀотторехь методически гӀо-накъосталла даран мехала хьехамаш дӀакхачор.

2022-09-21 094541

Семинар дӀайолош, цуьнан декъашхошка вистхилира Институтан директор Умхаев Хьамзат.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира ненан меттан маьӀна а, нохчийн меттан хьехархошна хьалха лаьтта декхарш а.

Кхин дӀа семинар дӀайаьхьира Дешаран-методикин кхачойаран центран Ӏилманан белхалоша.

Нохчийн меттан, литературин белхан программийн дӀахӀоттам а бовзийтина, иза кхочушйарехь оьшу мехала хьехамаш семинаран декъашхошка дӀакхачийра Абдуразаков Шертбека.

2022-09-21 094519

Дийцаре дира нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан белхаш талларехь зеделларг.

Талламан, кхоллараллин белхийн мах хадоран критереш йийцаре йира Тутаева Сацитас.

2022-09-21 094445

Цул сов, семинарехь нохчийн меттан Ӏаматаш тӀехь таханлерчу дийнахь керлачу нийсайаздаран бакъонашца бина хийцамаш бовзийтира нохчийн меттан Ӏаматийн авторша: Овхадов Мусас а, Абдулкадырова Раисас а.

2022-09-21 094959

2022-09-21 095140

Цу кепара семинарехь дӀабаьхьна болх мехала хилар билгалделира хьехархоша лучу хаттаршца а, царна кхачам боллуш лучу жоьпашца а.