Header1 1



Эсаран беттан 4-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь республикин конкурсийн жамӀаш дар дӀадаьхьира

photo 2022-10-04 20-36-19-mЭсаран беттан 4-чу дийнахь Нохчийн меттан институтехь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо – 2022», «Нохчийн меттан тоьлла кабинет», «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» респуликин конкурсийн жамӀаш дар дӀадаьхьира.

Толамхой а, декъашхой а декъалбеш, мехала совгӀаташ даларца дӀадирзира цхьаьнакхетар.

Царна совгlаташ дlа а луш, хlинццалц схьа кхочушдинчух а, кхидlа хьалха лаьттачу декхарех а, нохчийн мотт кхиорехь вайн мехкан куьйгалло дечу гlуллакхех а дуьйцуш, вистхилира Нохчийн Республикин дешаран а, lилманан а министран заместитель волу Зубхаджиев Мохьмад-lали.

 

 

20221005 101615

20221005 101731

Цо шен къамелехь билгалдаьккхира, меттан хьал тодарехь беш болу болх шо мел долу а жигараболуш хилар.

IMG-20221004-WA0033

IMG-20221004-WA0030

photo 2022-10-04 20-36-19-x

Шен рогlехь вистхуьлуш, Нохчийн меттан институтан куьйгалхочо Умхаев Хьамзата шен а, институтан белхахойн а цlарах даггара баркалла элира дешаран а, lилманан а министерствон куьйгаллина, нохчийн мотт кхиор lалашонца вовшах мел тухуш болчу балха тlехь даима гlо-накъосталла дарна.