Карарчу хенахь вайн республикин делегаци дакъалоцуш йу «Къилбаседа-Кавказан халкъийн культурийн беснийн шорто» аьллачу форумехь
Карарчу хенахь вайн республикин делегаци дакъалоцуш йу Къилбаседа ХӀирийн Республикин пачхьенан Буру-ГӀалахь дӀахьош йолчу Къилбаседа-Кавказан Федеральни округан къаьмнийн меттанийн а, къаьмнийн литературийн а къоначу хьехархойн «Къилбаседа-
Кавказан халкъийн культурийн беснийн шорто» аьллачу форумехь.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат коьртехь волуш тоба а йу цигахь дакъалоцуш.
Эсаран беттан 19-чу дийнахь форуман дакъалацархойн иллийн-хелхарийн кхоллараллехула а, халкъан ловзаршкахула а, къаьмнийн духарех лаьцна долчу дийцаршкахула а вовшийн бовзар хилира.